ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу бахархойн хьаьжцIа баха меттигаш билгалъяьхна


Са1уда 1аьрбийн пачхьалкх, Макка

Са1уда 1аьрбийн пачхьалкх, Макка

Кху шарахь Оьрсийчуьра хьаьжцIа ваха аьтто болчу нехан терахь хир ду даханчу 2016-чу шарахь хилларг. ХьаьжцIа-миссин Федерацин Кхеташонан куьйгалхочун когаметта волчу Умаханов Ильяса бина цунах хаам. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнна кху шарахь СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхо кху шарахь къастийна даханчу шарахьчул 4600 сов меттиг. Дагестанна елла 6000 меттиг, Нохчийчоьнна къастийна 2600 меттиг, ГIалгIайчоьнна билгалъяьккхина -1400 меттиг, ткъа Татарстанна – 1200 меттиг. Йиснарш йоькъур ю кхечу регионашна юкъахь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG