ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деши дайдаларан 5 бахьана


Дешин унци
Дешин унци

Шерашкахь деза лаьттина деши жим-жима дайлуш ду. Дешин мах охьабаларн пхи бахьана ду. Уьш къастийна Маршо радион корреспондента Рекнагел Чарлза.

Мел лахбелла дешин мах?

ХIокху тIаьхьарчу шина кIирнахь дешин мах, гергарчу барамехь, 15 процентана лахбелла. Мангал-беттан 27-чу дийнахь дешин цхьана унцин мах $ 1180 тIе кхаьчнера. Беза тIулгаш лоруш лелош йолу Унци 31,1 грамм ю. Юха пIераскан дийнахь цуьнан мах жимма лакхабелира $ 1202 тIе кхаччалц. 2011-чу шарахь дешин унцин $ 1895 мах бара. Аналисташа бахарехь, ахча дешега дерзочу нахана хIинца са яц деши гулдар.

ХIунда лахлуш бу дешин мах?

Коьртачу декъана, ши бахьана хуьлу нахана деши эца. Ахча дайдаларна кхоьручу хенахь. ХIунда аьлча, дайлун ахча карахь латточул а, цунах деши эцар тоьлу. ШолгIа, банкаша ахчанна луш йолу са лахара латточу хенахь, дешех делла ахча кхин а тIе са йоккхуш, юхадоьрзу.

Оцу кепара проблемаша 2008-чу шарахь экономикан кризис йолалуш нахе деши эцийтинехь, тIаьххьара хуьлучуо царга шайга ойла хуьйцуьйтур ю.

Мангал-беттан 19-чу дийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Федералан Резерван системин гIантдас Бернанке Бена дIахьедар дира, Iамеркан экономика тояларца а, белхан меттигаш алсамъйовларца а доьзна гIуллакх толуш дIадодахь, Iамеркан Коьртачу банко «хIара шо доьрзуш», Iамеркан экономикехь къепе латтон баттахь дойуш долу 85 миллиард доллар барамехь ахча далар сацон долур ду. ТIаккха инфляци лагIлур ю, луш йолу проценташ алсамъевр ю.

Чанна Читража, Лондонера экономикан а, гIуллакхийн талламийн центрера экономисто бахарехь, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Федералан Резерван системин планаша дIайоккху, ахча дешехь латторан хьашто.

Чанна: «Ахча дайдаларан лаьттачу бокхачу кхерамах ларвала кIезиг хьашто хир ю цигахь. Федералан Резерван системан планаша инфляцин тIегIа лахъйийр ю. И бохург, деши оьцурш кIезиг хир бу бохург ду.»

Дешин мах охьабаларан бахьанаш кхин дуй?

Ду. Уьш дуккха а деши оьцучу инвесторшца доьзна ду.

Дуьненан экономикан кризис иккхича, дукхах йолу пачхьалкхаш алссам деши гулдан юьйлаелира. Сиха дайдала тарлуш долу арахьара ахча шайн карахь дукха ца дитархьамма.

Даханчу шарахь коьртачу банкаша оьцуш хиллачу дешин барам, хIокху тIаьхьарчу 48 шарахь хиллачуьнан буьххье кхечира – 12 процент. И тайпа терахьаш даладо Дуьненаюкъарчу дешегахула кхоьллинчу кхеташоно.

Дешин мах охьабужуш хиларе терра, иза эцар башха тешаме дац. Оьрсийчоьно, Туркойчоьно, Азербайджано, Казахстано а хIокху шеран Зазадоккху-баттахь алсамдаьккхира шайн дIадиллина латтон деши. Оханан беттан юккъехь царна гира дешин унцин мах $ 270 тIекхаччалц лахлуш.

ХIинца Iамеркан экономика ницкъ гулбан аьттонаш лоьхучу хенахь, доллар цIеххьана товш валюта хила йолаелла. Коьртачу банкийн йиш ю, деши эца те я арахьара валюта гулъе те боху хаттар къастон.

Пайде ду я пайде дац деших дIакъастар?

Цхьана хIуманна инвестици яр, къаьсттина, деши эцар, гуттар а деган йовхонашца а, кхерамца а доьзна ду.

Лондонера Capital Economics сурсаташна талламаш баран декъан куьйгаллехь болх бечу Джессап Джулиана бахарехь, тахана деши дохка сихвеллачунна гур ду, экономикан хьал мел сиха хийцало.

Джессап: Суна хетарехь, и сингаттамаш бестийна бу. Iамеркан Федералан Резерван системано кхин дIа а еза хIума оьцур ю. Ахчанна дуьхьал луш йолу са а кхин цхьана хенахь чIогIа лахара хир ю. ТiейогIучу хенахь-м хIете вете. Еккъа цхьана Iамеркехь хилла Iийр яц, кхечу яккхийра, кхуьучу пачхьалкхашкахь а хир ю. Цундела, суна хетарехь, цу цхьана хIуманах бахьана а дина, деши дохка сихвала оьшуш хьал дац. Амма, къамел а доцуш, Федералан Резерван системано аьллачуьнца доьзна, дешица доьзначу гIуллакхехь хьажам ондда хуьйцур бу.»

Цхьа доза дуй дешин мах мел охьабер бу бохучу хаттарехь?

Иза массо а хаттарел халаниг ду. Джессапа бахарехь, цуьнан мах сиха дIанислур бу.

Джессап: "Тхан даго хьоьхург хIун ду аьлча, дешин мах сиха дIанислур бу кеста. Дешин мах лахбеш хIума тIех дестийна дуьйцу, гарехь. Даханчу масех шарахь хиллачу, лакхарчу кепе мехаш юхабоьрзург хиларна сатуьйсийла яц. ХIунда аьлча, дуьненаюкъахь ахча массанхьа а дайдаларна кхерам боккха бара, финансийн системанаш охьаэгарана кхерам а бара. Суна хетарехь, и кхерамаш а хIинца тIехбевлла».

Джессапана хетарехь, дешин мах чIагIбала тарло «хIинцалерчу тIегIанехь я жимма лахахь.»

Кхечу аналистийн хьесапехь, 2008-чу шарахь глобалана экономикан кризис йолаялале, дешин мах $800 бара. Цундела кIезиг бахьанаш ду мах цул а лахара хирг хиларан.

Амма хьалххе хиндолчуьнга хьажар а дац тешаме. ХIокху шеран юьххьехь аналисташа аьллера, дешин унцин $ 2000 мах хир бу. Амма цуьнан мах, дешин мах кхечу агIра дIахьаьдда, бохуш ерзайо шен материал Маршо радион корреспондента Рекнагел Чарлза.
XS
SM
MD
LG