ТIекхочийла долу линкаш

Ярташкахь лоьраш тоьуш хилийта «Земский доктор» программа ю Нохчийчохь болх беш


Shutterstock

Shutterstock

ГIаланашна генахь болх бан реза хиллачу къоначу лоьрашна 1 млн сом ахча къастийна Iедало. Коьртачу лоьраша дечу тоьшаллашца хIинцале бIаьрла жамIаш ду Iедало яьккхинчу гIулчана.

Могушаллин министаралло къобал а йина. 20I2-чу шарахь дуьйна болх беш ю махкахь «Земской доктор» цIе йолу программа. И кхочушъеш хIетахь дуьйна ярташка балха хьежийна 350 гергга тайп-тайпана корматаллин лоьраш. Къоначу лоьрийн ярташкахь къахьега дог даийта а, шайн дахар хьелаш нисдан атта хилийта а Iедало хIоранна а луш 1 миллион сом ахча ду боху могушаллин министараллин хьостано.

Мел эвсаре ю тIеэцна программа? Цо мел кхачо йина лоьрийн ярташкахь? Гуттаренна а ярташкахь бахархойн могушаллин терго ян говзанчаш буьсур бу аьлла чIагIо лой цу керла юкъадалоро? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро со хилла Соьлжа-гIалина бIе чакхарма генарчу Теркйист кIоштан Iелин юьртарчу дарбанан цIийнехь. Цуьнан коьртачу лоьраца Баскариев Хизрица нисделла сан къоначу лоьрийн хьокъехь хIара къамел.

Баскариев: «И программа тIеэцар бахьнехь ярташка шортта лоьраш баьхкина. Кхуза со волчу дарбанан цIийне 6 къона лор веъна: цергийн лор а, кардиолог а, кхоъ терапевт а, дерматолог а. нахана тIебаха лр хилар доккха хIума мА ду, масала и дерматолог олу дегIан чIуран цамгарш евза лор тхан кIоштехь а вац кхузахь бен.Ишта боккха пайда баьлла цу программех-м»

Маршо радио: Хизар, къона лор ахча схьа а эцна, дIа-м гIур вац те?

Баскариев: «Сихха ахча схьа а эцна дIабахарх гIуллакх хир дац. Стенна аьлчи лор юьрта 5 шарна аьлла барт а бина веъна ву. ДIавоьдучу тIедалахь цуьнан ахча Iедална юхадерзо мА деза. Баьхкинарш цхьаберш тхан юьртара а бу, генара тIебаьхкинарш а бу. Горагорскера ву цхьа терапевт. Дика кхеташ а ву. Нахана доккха гIуллакх ду-кх иза хьажа кхеташ лор хилар.

Шен балхах дика кхуьуш ю, масала, дерматолог Хьава. Терапевт Руслан ву. Стоматолог а ю. Кардиолог ю Iайшат. Тха-м и яхьа а, йилла а меттиг бац. Деган лазарш шорта ду. Хийла буьйса йоьлча а хан текхна цо лазархой тIеоьцуш, ша къинхетаме хиларе терра. Нах-м баркаллаш аьлла а ца бовлу и ялийна хаза хеташ.

И ахчанаш бахьанехь дукха хена дуьйна а белхаш беш болу лоьраш бу тха-м дегабаам бина, Хьалхара тIом боьдуш, луш алапаш а доцуш белхаш биначу шайна а дала ца магара Iедало ишта ахчанаш боху балха тIехь зеделлачу лоьраша. Дика ахча мА ду къоначу лоьрашна луш дерг. Хьо гулдан воьлча оццул ахча вовшах ца кхеташ итт шаре а вер ву. Хенарчу лоьрийн бех бацара ба-м дегабаам бича а».

Соьца ярташка болх бан хьежочу кегийчу лоьрийн хьокъехь къамел дина Теркйист кIоштан Iелин-юьртарчу 2-чу дарбанан цIийнан коьрта лор Баскариев Хизар тешна ву кхидIа йолчу ханна, ярташкахь къахьоьгуш болу лоьраш совбийлахь бен, лахлур бац аьлла.
XS
SM
MD
LG