ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьртан лазарш долу нах кIезиг бу Нохчийчохь?


Нохчийчоь - дарбанцIа
Нохчийчоь - дарбанцIа

Сербскин цIарахчу психиатрийн а, наркологин а института и талламаш 2005 шарахь бина. Цул тIаьхьа кхин бина а бац. Цундела, майрра схьаэца мегар ду и терахьаш официалан санна. Алтайн кIошт билгалъяьлла и цамгарш долу дукха нах болуш санна. Цигахь хIора 100 эзар вахархочун юкъахь 6 эзар ах эзар ца кхоччуш ву. Ткъа, оцу тептарехь уггаре а кIезга цамгарш ерш ю аьллачу Нохчийчохь и терахь цхьана эзаре а ца кхочу.

Нохчийчоьнан коьрта психиатре, профессоре Идрисов Кюрига хаьттира Маршо радиога, махкахь коьртаца цамгарш кIезга хилар мел бакъ ду аьлла. Иштта жоп делира цо.

Идрисов: «Вайн цIахь тIемаш болчу хенахь, дуккха а психиатарш дIабахнера. Цундела, и цамгарш долчу нахана тIебаха лоьраш бацара. 2007-2008 шарахь дуьйна мелла а меттахIоьттина денъяла йолаелла вайн психиатрин сервис. Кхечу регионашкахь и цамгарш лекха хилар бахьанаш ду наркотикаш а, маларш а, иштта кхин дIа а. Цундела церан терахьаш мелла а алсам хира ду вайнчул».

Кху тIаьхьарчу ткъех шарахь нохчаша лайна баланаш лар йоцуш ца буьсу. Мел хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, церан могашаллина тIехь хаало иза. ТIаьхьа тIедогIучу чкъуран хьал иштта а дац. Цул сов, нохчашна, шаьш лайна баланаш коьрте ца боьрзу, дегIан, кхечу агIоран могашаллина боьрзу, аьлла кхин дIа а дийцира психиатрийн профессора Идрисов Кюрас.

Идрисов: «Вайн халкъо 1991 шарахь дуьйна баланаш лайна. ТIеман а, социал-экономикан бала а лайна. Оцу хенахь иза лайнарг къамеле ваьккхича, оцу хенан тIедоьду цуьнан иза. Вайнахана коьрте ца болу и баланаш. ЦIе ца йоккхург а, диабет цамгар а хуьлу. Психосоматикан цамгарш олу оха царех».

Тахана Нохчийчохь 10 эзар стаг ву коьртаца цамгарш йолуш лоьрашна а хууш. Царна лерина болх беш ю кхоъ дарбанан хIусам: БоргIанехь а, Закан-юртахь а, Соьлж-ГIалахь а. И терахь, кхиъ лекха хира дара, наха цомгучу стагана догIуш долу лоьрийн дарба лохуш делхьара. Шайна тIе санна уьш джинаш дIадохучу клинике а боьлху, аьлла билгалдаьккхира психиатрин профессора Идрисов Кюрас.

Идрисов: «Психиатран тIевахча, ша а , шен чохь волу доьзалхо а коьртана дика вац аьлла хетар ду олий, тIе а ца оьху тхуна. Джинаш дIадаха а боьлху уьш. Цундела, ша мел верг коьртаца цамгар ерш дIаязбина бу аьлла ца хета суна».

МогIарерчу бахархошна а хууш ду, коьртаца цамгарш алсам ца хилийта хIун дан деза. ТIехьа-мартан кIоштера вахархочо Сулейманов Хьасана иштта элира цунах.

Сулейманов: «Вайн къам, кху шинна а тIамех чекхадаьлла ду. Баккхий а, кегий а, жима а, къона а, кийрахь хилла берш а, ша верриг психологийн реабилитаци ян езаш ву, коьрта чуьра мел йолу боьхалла дIаяьккхархьама».

Коьртаца цамгарш кIезга ю бохучу Нохчийчохь гергарчу деношкахль схьайоьллур йолуш ю кхин цхьа клиника а и цамгар хила тарлучу нахана.

XS
SM
MD
LG