ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евро ахча беркате дац боху европахоша


Евро ахча
Евро ахча

Дукха бу Евробертана юккъейогIучу пачхьалкхашкахь евро - ахча дIа а даьккхина, хIора махкахь шен-шен къоман валюта юхадерзон деза, аьлла, хеташ берш. Амма уггаре а жигара бу уьш Германехь – цигахь еврон дуьхьалчийн цхьана тобано парти кхоьллина, Iедалехула немцойн маркаш юхаерзаяйтархьама.

Евро пайденна ду я дац, иза Евробертана юккъейогIучу пачхьалкхашна беркат ду я, мелхо а, лецамгар санна лара догIу – и хеттарш Европехь, ткъа къаьстина Германехь дийцаре деш долу масех шо а ду, ма -дарра аьлча, кхо-диъ шо хьалха и ахча финансийн кризисо дегон долийчхьана. Цунна лерина дара шен питане йозанашца вевзаш волчу немцойн политико Сарацин Тилос яздина хилла нана-доккха тептар а, „Европина евро ца оьшу“, аьлла цIе а йолуш.

Сарацин Тилон "Европина евро ца оьшу" киншка немцойн туьканахь. Берлин, 26Тов2012. Азимова Сийлаха
Сарацин Тилон "Европина евро ца оьшу" киншка немцойн туьканахь. Берлин, 26Тов2012. Азимова Сийлаха
Тамашийнарг ду, хIинцалца схьа кхин дIа мел долчу хIуманашна тIехь Сарацин критике вина хилла болу цхьаболу нах, масала цуо кхечу къаьмнех болчарна я бусулбачарна дуьхьала яздеш дерг бахьана долуш, вуьшта цуо шен евро-ахчанна дуьхьала язйинчу киншкина нийса тIетевжаш бу, экономикан Iилманчаша цуо дуьйгург дош дац, иза еккъа цхьа популизм ю, бохуш, чIагIдахь а.
Масала, вевзаш волу немцойн журналист Адам Конрад, кесталгIа „Германина альтернатива“ цIе йолу парти а кхоьллина, парламенте чекхвала Iалашо лаьцнарг. Цуо боху, ша а, шен хьежамаш боькъуш болу нах а, евро дIа а даьккхина, цунна метта мацах хилла йолу дойчмарка юхаерзон еза аьлла хеташ болу, меттигерачу Iедалша тергал беш бац, шаьш санначеран терахь вуно лакхара делахь а.

Дукха хан йоцуш „Шпигель“ журнало бинчу хаттамаша гайтира, дакъалаьцначу бахархойн 54 процентана сауьйзуш долу евро кIелхьарадаккха гIерташ миллиардашкахь зенаш дан оьшуш дац аьлла хеташ хилар.

Цу хеттамашна тIетевжа Адам Конрад а. Цундела иза шен накъосташца дагахь ву, еврозона дIа а яьккхина, Евробертана юккъейогIучу пачхаьлкхийн экономикаш шен-шен къоман ахчанан буха тIехь юхаметтахIотторан белхаш баре кхайкха. Цу Iалашонца иза ша кхоьллинчу партица Бундестаге кхача дагахь ву, депутат санна- Iедалан сацамашна тIеIаткъам бан шайн аьтто хилийта.

„Карарчу хенахь Бундестагехь йолу массо а парти а еккъа цхьа позици векал еш бу- евро мичча мехаца а кIелхьарадаккха деза бохуш йолу позици. Цхьа сийлахьа хIума йина цара цу еврох. Ткъа цунна дуьхьал верг оцу сохьта „популист“ ву олий, кхардаме воккху. Амма иза нийса дац“, бохуш дуьйцу цуо.

Кризисо лаьцна йолчу пачхьалкхашна гIо дан Iалашонца кхоьллина йолчу Европерачу Стабилизацин Фонде юкъарчу хьесапехь 22 миллиард евро герга дала дезаш ю Германи. ХIинцалца схьа цу гIоьнна рогIе хIоьттинчу пачхьалкхашна юккъехь ю Греций, Ирландий, Португалий, Испаний, Киприй. КесталгIа царна тIекхета сахьт дац иштта Итали а.

Ткъа „Германина альтернатива“ цIе йолу парти кхоьллинчара чIагIдо, и Стабилизацин Фонд эрна юза а ца юзаш, Германи еврозонина юккъера араяьла еза, бохуш. „Цхьанакхеттачу Европина цу еврох хуьлуш цхьа а пайда бац аьлла тешна ду тхо, мелхо а, иза цу ахчано меллаша йохош ю“, элира цу хьокъехь партин цхьана кхечу декъашхочуо Люкке Берднта.
„Тхо Евробертана дуьхьал дац данне а, тхо еврона дуьхьал ду“, - боху цуо.

Амма аналисташна хетарехь, иза иштта атта дац, керлачу партин жигархошна ма-хеттара. Ма сала,вевзаш волчу немцойн экономикан Iилманчана, ХIиккел Рудолфана еврозона дIаяккхар мелхо а кхераме хета, цу юккъе йогIучу пачхаьлкхийн экономикана кхин а алсамох зенаш цунах довла там болун дела.

„Нагахь санна Греци Еврозонина юккъера ялахь, иза дуккхаъчу шерашна къелло лоцур ю. Изза хир ду Португалина а, Испанина. Уш еврозонина юккъера евллера аьлла, Евробарт царна гIо ца деш Iойла хир дац, тIаккха уьш заман йохалла Цхьанакхеттачу Европина юккера а дIайовла езар ю. Ткъа цу хIумано йоллу Евробертан проект а йоцучу хьоле хIоттор ю“, - аьлла тешна ву иза.

Хууш ма-хиллара, изза хьежам болуш ю немцойн канцлер Меркел Ангела а. „Евро дIадалахь Евробарт а дIабер бу“ - элира цуо даханчу шарахь, шен урхалло евро-ахча кIелхьарадаккха гIерташ деш долу зенаш бакъдеш.
XS
SM
MD
LG