ТIекхочийла долу линкаш

Кху аьхка Соьлж-ГIалахь ресторан "Black Star Burger" (Блэк стар фудс,Iаьржа седа бургер) схьаелла дагахь ву цигахь сих-сиха хуьлуш волу рэпер Тимати, хаам бо РИА ФедералПресс агенталло. Цо дийцарехь, эшаршлакхархочун гIо дийр ду Кадыров Ахьмадан Фондан инвесторех цхьаъ ларалуш волчу Альвиев Мовсадис.

«Коммерсант» газето яздарехь, бургерш кечйон меттиг схьайоьллур йолуш ю Путин Владимиран проспектехь. Цо билгалдоккху ООО «Бургер Грозный» кхоьллина хилар 2017-чу шеран Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь. Иза долахь ю ООО «Блэк стар фудс» а, Альвиевн долахь йолчу ООО «Грозный-Сити» а компанийн.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG