ТIекхочийла долу линкаш

Йоккхачу тийналлехь дIахьош бу Гуьржийчохь харжамаш


Гуьржийчоь -- Парламентан харжамаш 2016, Табахмела-эвла (Tabakhmela), 08ГIад2016

Гуьржийчоь -- Парламентан харжамаш 2016, Табахмела-эвла (Tabakhmela), 08ГIад2016

Шоьтадийнахь 3.5 миллион кхаж таса бакъо йолчу Гуьржийчоьнан бахархоша хоржуш ю керла парламент. Политикан I9 парти а, 6 коалици а ю парламентехь I50 меттиг дIалаца Iалашо йолуш. Ша верриг 600 стаг ву цига кхача лаьрра. Уггаре а коьрта къовсам хинберш а билгалбевла-хIинца Iедалехь йолу «Гуьржийн сатийсар» а, оппозицехь йолу «Цхьааллийн къоман болам» олу парти а.

И шиъ-м хьала а, охьа а, цига чекхъер юйла хууш ду, амма царах а, вукхарах а тешарш цхьатерра болун дела, ала хала ду хьан дIалоцур ду парламентехь дукхах долу гIенташ.

Гуьржийчохь харжамийн каппаш схьайиллича дуьйна, делаленна а сема бара тергамхой. Уьш 29 эзар ву махкахь леррина оцу балхана тергоян билгалвина. Амма гуьржийн политикаш а, могIарера бахархой а цец а бовлуш, дуьйцуш ду парламенте харжамаш чIогIа тийна дIабоьлхуш бу бохуш. Маршо радиога дийцира гуьржийн журналиста Чихладзе Ираклис.

Чихладзе: «ДIоггара чолхаллаш, суна хууш, хилла яц. Цхьацца харцонаш гучуевлла тергамхошна республикан цхьацца маьIIехь. Суна и харцонаш дукха хилла аьлла ца хета. Тамашийна делахь а, Iуьйрана дуьйна жигара бара кхаж тосураш. ЧIогIа паргIат дIабоьлхуш бу харжамаш. ХIара ю аьлла чолхаллаш яц».

Харжамийн дийнахь, оцу плебисцитан жамIаш тIехь хаалун долу галморзахаллаш ца хиллехь а, цулла хьалхарчу деношкахь, массийта хIума иккхира бохуш, кхин дIа а дуьйцу гуьржийн журналиста Чихладзе Ираклис.

Чихладзе: «Харжамаш буьйлабалале цхаьцца чолхаллаш яра. Оппозицин политикан Таргамадзе Гивин машен эккхийтинера. Иштта герзаца тIелатар динера Гуьржийчоьнан хиллачу тIеман министран Окруашвилин. Гуьржийчоьнан Малхбузехь нах вовшех а леттера. Иштта кхо хIума хиллера. Хуьлуш ма хиллара, къийсалучу агIонаша вовшашна бехкаш дохкура. ДIоггара аьлла кхин чолхаллаш, 20I2 шарахь санна, компроматаш яцара. «Цхьааллийн къоман боламера» оппозицин декъашхой юкъахь а болуш, къайлаха яьхна видеош яра гIараяьхна.

Гуьржийчохь бехачу нохчаша а дакъалоцуш ду оцу харжамашкахь. Цкъа а ца хиллачу агIор, жигараллица, цхьа дов а доцуш дIабоьлхуш бу уьш ПIаьнказ-чIожехь а, кхечу регионашкахь а аьлла, Маршо радиога дийцира меттигерчу журналиста Бордзгор Сулхана.

Бордзгор: «Со дукхачу харжамашкахь хилла. Кхузахь пхиъ харжамийн куп ю. ЧIогIа паргIат дIахьош бу кхузахь харжамаш. 30 процент сов нах делкъахенахь кхаж теснера».

Гуьржийчуьра юккъаралла тIаьхьарчу иттех шарахь чIогIа политикехьа яьлла ю. Тахана кхоччуш олийла дац, мила тола мега. ЖамIаш, цхьанна а ца моьттинчу агIор хила мега, амма шайна коьрта оьшучух а, дукхаболу харжамхой кхаж таса бахаран бахьанех а дийцира гуьржийн журналиста Чихладзе Ираклис.

Чихладзе: «Соьга хаьттича ши хаттар ду коьрта: Маршо а, токхо а. Токхо бохучу дешан юккъе доьдуш ду белхан меттигаш хилар а, пачхьалкх кхиар а».

Гуьржийн хенаца, сарахь бархI сахьт даьлча дIакъовлур ю харжамийн каппаш. Мила тоьлла, хууш хир ду кIирандийнахь.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG