ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпан цIе кхаьчна Соьлж-ГIала


Нохчийчоь-- Соьлж-ГIала Олимпан цIе йохьуш ю аьлла гулделла адам, 28Деч2014.
Нохчийчоь-- Соьлж-ГIала Олимпан цIе йохьуш ю аьлла гулделла адам, 28Деч2014.

Соьлж-ГIалахь лаккхарчу тIегIан тIехь, эзарнаш нах некъашца дIа а хIиттина, тIеэцна Олимпан цIе. Кхерамазаллан бахьанашца и цIе дIахьон йолу маршрут нийса ах яцйинера.

Цхьа шо хьалха кечам бина долу и даздар, чекхдели, цхьанна а тайпан чолхалла а ца хуьлуш. Олимпийн и цIе дIахьочу некъашца а, уллерачу урамашца а, чIагIам бина, уьш къоьвлина лаьттара герзхой. Нахана гуччохь берш, тIеман барзакъ доьхна бацара, амма, гуш дара уьш а, низамхой буйла. Олимпийн цIе Iуьйрана 10 сахьт даьлча схьакхаьчнера Соьлжа-гIала.

Аэропортера дуьйна, иза кар-кара а луш, микрорайонерачу стадионе схьаеара, махкахь боьвзачу спортхоша а, политикаша а, юккъаралхоша а. Маршрут, 34 чакхарма яра доьххьара билгалъяьккхина. Амма, и цIе схьакхачале ши де хьалха, маршрут нийса ах яцйира, 16 чакхарман тIе. Иштта, 170 стаг вара хьалха билгалваьккхина и цIе, дIахьура йолуш, амма, церан терахь а, кIезгдира 77 стаганна тIекхаччалца.

И цIе дIахьош, цуьнга хьажа кечбинчу нехан терахь, бакъдерг дийцича, башха лах ца динера. Арахь, тIуьна а, гIора а йоллушехь, церан латта дийзира мел лаххара а, 3-4 сахьтехь. ДIасайоькъучу пресс-релизаш тIехь, дуьйцуш дара, нах шел ца балийта, царна довха чай а , кофе а латтора ю аьлла, амма, кхечанахь ца хаа, оцу эстафетийн тIаьххьара чакхарм йолчу меттехь, Тухачевского урамехь, церг тIе церг а ца тохалуш, шелбелла лаьттара нах.

ДIабаха а йиша яцара церан. ТIехьожуш, лаьттара, хIоранний хьакамаш, ца веънарг а, ва а веана дIавахнарг а дIаязош пхьарс кIелахь таьптар а долуш. Шелбелла, я кIордина дIабаханчарна хIун тIаIзар хира ду хууш дац. Биснарш лаьттара, вовшах къамелаш а деш.

Хьажархо: «Маьждиган хьалхахь а, Путинан а, Кадырован а проспектехула дIахьура ю и цIе. Кхин башха яц а ца йина и маршрут. Шу балхара дахкийна-м дац? Балхара дуккха а нах ма бу цара хьийзош. Тхан балхара берш, аэропорте бахнера оцу цIаран доьхьала. Цхьаберш стадионан кертахь бу. Цхьанахь дIаязбеш а бу уьш».

Сочи гIалахь хинйолчу Олимпиаде могIарера нохчий бохуьйтуш бацахь а, низамхой а, чолхечу хьолан министраллера белхахой а, бигна цига бохуш дийцира, хьажа веанчу цхьаммо. Уьш а , гIала чу а ца буьтуш, йистахо вахьховшийна элира цуо.

Хьажархо: « Сочи бахана вай нохчий бу хьуна. МЧС ю хьуна цига йигина. Сочи дIакхачале 2-3 чакхарма арахь майданехь вахьховшийна бу уьш, четарш а тоьхна. Вай низамхой а бу цигахь».
Иштта, луьш-олуш дIаделира и масех сахьт. Гуттара а шелбелларш, уллерачу туькан чу а боьлхий, юьхкучу телефонашка хьоьжура.

Цу чуьрчу йохкархочо, арабохура нах, дукха гулбелла олий. Шаьш телефонашка хьовса баьхкина вукхара олура, кесст-кесста корехула цIе схьа-м ца кхаьчна теша цIе бохуш ара а хьожуш. Делкъхенахь схаькхечира иза а. Карахь йоккха ало а йолуш, ведда вогIург вара Соьлжа-гIалийн мэр Кадыров Ислам. Цуо иза, дIаелира, Нохчийчуьрчу Iедалан вице-премьер волчу Тумхаджиев Iисэ. Иза карлаьцча, цуьнгара даьлла диканаш дийца хIоьттира, микрофон чуьра цхъаъ.

Тумхаджиев Iисас и цIе, цхьа бIе метар дIаяхьча, дIаелира республика куьйгалхочуьнна администрацийн куьйгалхочуьнга Даудов Мохьмаде. Цуо а, шена агIора иза стадионе берте дIаяхьара. Цигара иза, караийцира, леррина цу гIуллакхан кхайкхинчу, оьрсийчоьнан йишлакхархочо Гурцкая Дианас.

БIаьрса доцучу цуо иза жимма дIа а яхьана, дIаелира республика куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Ткъа, цуо шен рагIехь, цуьнах латийра, стадионехь лаьттачу боккхачу кеда чохь цIе. Цул тIаьхьа, ехха лаьттира, оцу дезчу денна лерина концерт. Соьлжа-гIалара и Олимпийн цIе, дукха хье ца еш, дIаяхьара беракеманца ГIалгIайн махка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG