ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тредмилл" тIехь хелхаран бал хьан боккху?


Нохчийчоь -- Нохчийн хелахарийн тобанара кIентий Нохчийн Меттан Де даздеш бу Соьлж-гIалахь, 25Охан2013
Нохчийчоь -- Нохчийн хелахарийн тобанара кIентий Нохчийн Меттан Де даздеш бу Соьлж-гIалахь, 25Охан2013

Малхбузерчу пачхьалкашкахь керла спорт кхоллаяла там бу кеста. Хетарехь, кавказхойн дикка аьттонаш бу оцу спортехь даккхий хьуьнарш гайта.


Нохчашна а, кавказхошна а санна, хелхарш дезаш дукха къаьмнаш хир дац. Дуккха а дайш-нанош, кегий долуш хенахь дуьйна, Iамадойту шайн берашна хелхаран бал баккха. Цундела цара тидаме эца деза цхьайолчу пачхьалкхашкахь даьржаш долу керла хелхар - аьлча а, спорт.

Ша тIехь деш долу хелхар санна, вуно хала ду и, хIунда аьлча, "тредмилл" олучу машен тIехь деш ду иза. Оцу машен тIехь дегI меттах даьккхинчунна дика хаьа, мел атта ду цу тIехь галвала. Хьажа хIокху къонахчо шаршош болчу коге:



Спортехь а, хелхаршкахь а хьалхе йоккхуш болчу кавказхошна и керла хIума тан там бу. Бакъду, малхбузехь цхьаболчарна и хьуьнарш чIогIа карадирзина хIинцале, цундела царна тIаьхьакхиа атта хир дац:


XS
SM
MD
LG