ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа декъалвина ЭрдохIан референдумехь толам баккхарца


Iамеркан президенто Трамп Доналда декъалвина Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп туркойн президентан аьттонаш шорбеш хиллачу референдумехь толам баккхарца.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан президентан зорбанан сервисо баржийначу хаамехь. Цу хаамца а догIуш, Трампа а, ЭрдохIана а къамел дина телефонехула.

ЭрдохIан декъалвинчу дуьненерчу лидершна юкъахь ву Белорусин президент Лукашенко Александр а, Азербайджанан президент Алиев Ильхам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG