ТIекхочийла долу линкаш

Трамп Доналд президент харжале тайп-тайпана дIахьедарш дира цунах лаьцна дуккха а пачхьалкхийн куьйгалхоша а, кху дуьнентIехь бевзаш болчу политикаша а. ХIун дара цара Трампах лаьцна дийцинарг Iамеркан президентан харжамаш хилале а, хиллачул тIаьхьа а?

Олланд Франсуа, Францин президент

Харжамаш хилале: «Цхьадолчу цо дуьйцучо дог керчадо».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Суна луур дара мелла а сиха хьоьца дийцарш дIадахьа, вайна массерна а мехала хетарш а, луурш а тидаме а эцна».

Ренци Матео, Италин премьер-министр

Харжамаш хилале: «Дукха тIех кхерамаш туьйсу стаг хета суна Трамп Доналд".

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Цуьнан аьтто хуьлийла лаьа суна. Италин а, Iамеркан а онда доттагIалла ду».

Джонсон Борис, Британин арахьарчу гIуллакхийн министр

Харжамаш хилале: «Нью-Йоркан цхьайолчу кIошташка ваха хIуттур вацара со, цигахь Трамп Доналд дуьхьалкхета мегаш хиларна».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Со даггах тешаш ву, Британин а, Iамеркан а юкъаметтигаш мехала ю бохучух. Со тешна ву вайга цхьане уьш кхин дIа а кхиалур хиларх».

Штайнмайер Франк-Вальтер, Германин арахьарчу гIуллакхийн министр

Харжамаш хилале: «(Трамп) – цабезам кхолларан стаг ву, кхераме риторика а, юкъаралла карзахйоккхуш а волу».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Оха, шеко а йоцуш, ларамца тIеоьцу кхаж тасаран жамIаш».

Римера Папа Франциск

Харжамаш хилале: «ТIайнаш дечу меттан, пенаш дарх ойла еш волу стаг керста хуьлийла дац».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Керлачу президентан аьтто хила лаьа тхуна, аьтто хуьлийла цуьнан эвсаре Iедал кхуллуш».

Дональд Туск, Евробертан гIантда

Харжамаш хилале: «Цхьа Доналд оьшучул а сов ву».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Даггара декъалво. Трансатлантикан юкъаметтигаш чагIъяр тахана цкъа а ца хиллачу кепара мехала ду».

Шульц Мартин, Европарламентан президент

Харжамаш хилале: «Трамп Евробертан проблема хилла ца Iаш, дерриг а дуьненан проблема ю. Цхьанна а хIуманах кхеташ воцу стаг КIайн ЦIийне кхачахь, критикан тIегIанна тIекхаьчна вай».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Харжамийн жамIаш лара деза».

Ньето Пенья Энрике, Мексикин президент

Харжамаш хилале: «Цу кеппара Iедале веара Муссолини а, ХIитлер а».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «Мексика а, Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а ши доттагI а ю, Къилбаседа Iамерка кхуьуш хилийта цхьаьнакъахьега дезаш а ю».

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхан принц аль-Валид ибн Талал ибн Абдел Азиз Аль-Сауд

Харжамаш хилале: «Хьо, Республикан партин хилла ца Iаш, эхь ду ерриг а Iамеркан».

Харжамаш хиллачул тIаьхьа: «ДIаяханчу хенахь цакхетамаш мухха а хиллехь а, Iамерко шен дош аьлла. Декъал а во, даггара аьтто хуьлийла а лаьа».

«Вашингтон пост» газето зорбане яьккхина Трамп Доналд президент хаьржинчул тIаьхьа «Иза Трампан дуьне хир ду, амма массо а вац цу хьокъехь хазахетта» цIе йолу артикл.

https://www.washingtonpost.com/news/worldviews/wp/20I6/II/I0/its-going-to-be-trumps-world-and-not-everybody-likes-it/

Цу тIехь дуьйцуш ду муьлха пачхьалкхо муха тIеэцна Трамп президент харжар.

Трамп харжар реза хиларца тIеэцначу пачхьалкхашна юкъахь ду Оьрсийчоьнан а, Израилан, Венгрин а, Словенин а, Къилба Суданан а Iедалш.

Трамп харжар шеконца тIеэцна Францин президенто Олланда а, Британи а, Шемарчу Асадан режимо а, Сауди Iаьрбин пачхьалкхао а а, Канадо а, Китайно а, Японино а, Къилба Корейно а, Филиппинаш а.

Трамп харжарна баш реза йоцучу пачхьалкхашна юкъахь ю Украина а, Германи а, Швеци а, Итали а, Испани а, Греци а, ГIажарийчоь а, Мексика а.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG