ТIекхочийла долу линкаш

Къелла дан амал доцуш бисинчу наха шайн дегIан межеш юхкуш хилар шуьйра даьржина ду дуьненчохь. Эцархойн могIаршлахь Европера кхиинчу пачхьалкхашкара тароне нах хуьлу. Бакъду, и тайпа йохк-эцарш, дукхахьолахь нахала ца доккхуш, къайлаха леладо, уьш низамца цхьаьна догIуш ца хиларна. Амма Германехь иза чекх ца даьлла...



Немцойн Гёттинген-гIаларчу лоьрийн цIийнахь болх беш волу ши лор ву меттигерчу Iедалхошна, низамца йоцу адамийн кийрчу меженийн трансплантацеш еш гучу ваьлла, талламе лаьцнарг. Шина шарахь цамгарийн тоьшаллаш, шайна товчу агIор хийца а хуьйцуш, кхаънаш ийдеш хиллачу цу шиммо, шайна ахча дел-делла лазархой хьалха а тоьттуш, царна операцеш еш, ткъа царел а сихо трансплантаци а оьшуш, таьIна болу, амма ахчанца таронаш якхий йоцу нах тIаьхьатоьттуш хилла, бохуш, чIагIдо полицино.

Масала, шайна каракхаьчна волчу лазархочунна цара цуьнца данне а йоцу чолхе цамгарш тIеяздеш хилла, иза трансплантацина рогIехь лаьттачарел хьалхаваккхархьама. Аьр вай, доIахца цамгар йолчу лазархочуьнца цул совнаха кхин а кхераме жанний лазарш а ду, цундела цунна ечу операцина сихо ян а еза боху сацамаш язбеш хилла шайн клиеттийн анамнезехь. ХIинца цу шинна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьадиллина.

И тайпа инзаре харцонаш Германехь шерашкахь лелон лоьрийн аьтто баларх инзаръяьлла немцойн юкъаралла а, лоьрийн цхьанакхетараллаш а. Сихонца гулйинчу пресс-конференцехь Гёттингенерачу лоьрийн цIийнан коьртачу лоьро Фрайтаг Себастьяна гучудаьллачух шен инзарвалар довзийтира.

Фрайтаг Себастьян: „Я хьалха а, я хIинца а и санна хIума вайн махкахь хила йиш ю бохург цкъа а дага ца деанера суна. Дагахь а доцуш, валар нисделча, шен кийрара меже цомгушчарна хьажаяр весете дилларна нах тIеберзо гIерташ вай юкъараллехь дискуссеш дIакхоьхьочу муьрехь йоккха катастрофа ю иза.“

ХIинца меттигера прокуратура толлуш ю, цу шина лоьро лелийна харцонаш бахьана долуш, меженийн трансплантацешка сатуьйсуш Iийначу лазархойх цхьа а вала-м ца велла теша бохучунна. Карарчу хенахь цу лоьраша харцонца 25 лазархочунна трансплантацеш яран операциш йина хилар тIечIагIдан аьтто баьлла Iедалхойн. Ткъа цу шиммо гергарчу хенахь операцеш ян кечвина хилла волу кхин а 25 лазархо а гучуваьлла. Цара а лоьрашна кхаьънаш делла хиллий теша бохург толлуш ду полицино.

Карарчу хенахь еккъа цхьана Германехь 12000 стаг ву, кийрахь меженийн трансплантаци яре хьоьжуш. Дукхахьолахь царна оьшурш жаннаш я доIах хуьлу. Амма иштта дегIан чкъор а, букъатIум а, дог а, кхийолу межеш а хила йиш ю царна юкъахь.

Немцойн махкахь цхьаннан а могушчуьнгара меже эца бакъо яц, цунна мах а белла я кхидолу совгIат а дина. Деккъа цхьаммо шен маьршачу лаамца, мехаза, шен меже, ша дийна волуш я веллачул тIаьхьа, цомгушчунна дIаяла бакъо луш весет дича бен, бакъо яц лоьрийн цхьанггера и меже схьаяккха, я дийначуьнгара а я веллачуьнгара. Иза теори ю. Ткъа дахарехь и низам дохон некъаш хилар Гёттингенерчу лоьрийн цIийнахь хIинца гучуьдаьллачо гойтуш ду.

Хиламо карладоккху, Нохчийчохь тIом боьдучу хенахь оьрсийн эскархоша, я олуш ма-хиллара, муьлш бу ца хуучу герзахоша лецначул тIахьа доьза байна нохчийн кегийн нах я зудабераш жимма хан яьлча цхьанхьа гIалийн йистошкахь баъйина схьакарийча, церан догIмаш тIехь, цIонгитIера вортане кхаччалц, лоьрийн маха баьккхина, уьш дIатегна ларш гуш хилла хилар.

ХIетахь фоторепортераша даьхна дисина сурташ а ду цунна тоьшаллина. Иштта байъинчийн гергарчарна хетарехь, шеко яц , церан нехан лоьрийн хьашташна кийрара межеш яьхнийла цу межешца къайлаха мах лелочу зуламхоша.

И саннарг шерачу майданахь я цхьанхьа, оьрсийн эскархой Iачу лаьттан тоьланашкахь дан йиш йоцуш, чолхе хIума хиларна, Нохчийчохь шуьйра даьржина дара оьрсийн эскархошца цхьана цу зуламийн декъахь лоьраш а бу, бохуш.

Бакъду, и тайпа лоьрийн мехий даьхна байъина схьакарийна маьрша нах Нохчийчохь мел дукха хиллехь а, цу хьокъехь я оьрсийн а, я нохчийн а Iедалша хIинцалц дIабаьхьна цхьанна а тайпа талламаш бац.
XS
SM
MD
LG