ТIекхочийла долу линкаш

Темерхановн адвокатана Тренина Дарьяна гIортор ян кийча ву 50 гергга адвокат


Москох-- Адвокат Тренина Дарья (юккъехь).

Москох-- Адвокат Тренина Дарья (юккъехь).

ПIераскан дийнахь Москох суьдо дIадаьхьира Буданов Юрий верна бехкевеш волчу Темерханов Юсупана тIехь кхел яр.

Цуьнан адвокаташа бехккъасторхошна гайтира суьдехь Буданов вийначу меттехь яьккхина видео. Цу тIехь хуьлуш долчунна комментари еш а, хаттарш хIиттош а, болх беш вара Темерхановн адвокат Мусаев Мурад.

Ткъа цуьнан накъост адвокат Тренина Дарья Оьрсийчоьнан Талламан комитете кхайкхийна яра леян. Цунна бехке дуьллуш ду Буданов вуьш теш хилла волу Евтухов Александр, ахча а делла, эца гIортар. Тренинана гIортор ян талламхочуьнан кабинетана хьалза гулвелла вара 50 гергга адвокат.

Царна юкъахь вара Нохчийчохь дика вевзаш волу адвокат Хадисов Муса. Цуьнга дийхира оха Талламан комитетехь долчу суртах лаьцна дийцар. Темерханов Юсупан девнах лаьцна шена хетарг дийцар а дийцхира оха цуьнга.


XS
SM
MD
LG