ТIекхочийла долу линкаш

Къора а, бIаьрзе а ю Оьрсийчура Фемида


Оьрсийчоь -- Темерханов Юсупан адвокаташ Мусаев Мурад а (аьтту агIор), Тренина Дарья а Москох гIалин кхелехь.

Оьрсийчоь -- Темерханов Юсупан адвокаташ Мусаев Мурад а (аьтту агIор), Тренина Дарья а Москох гIалин кхелехь.

Буданов вер хьокъехь йолчу процессехь Москох гIалин суьдо дIасахецна бехккъасторхойн коллеги. И сацам баран бахьана ду масийтта бехккъасторхо, могуш воцуш а хилла, кхелехь дакъалаца йиш йоцуш висар.

Керла коллеги кхолла дагахь ю суд тIебогIучу беттан 18-чу дийнахь. Буданов верна бехке веш волчу Темерханов Юсупан адвокаташ дIахьедар дина, цу сацамна латкъам бийр бу шаьш аьлла.

Еарин дийнахь рогIера кхеташо хилира Буданов Юрий вер хьокъехь толлуш долчу девнан. ЛадогIарш дуьйладелира шина сохьтана тIаьхьа а теттина. Процесс дIайолош чукхайкхира бехккъасторхойн тоба. Цул тIаьхьа суьдхочо хаам бира, кхин а ши бехккъаторхо цомгуш хилла, цу кепара висинарг 11 стаг бен вац аьлла.

Прокуроро Боярышев Владимира кхел дIайоьдуш дIахьедар дира бехккъсторхой тоьаш ца хиларна кхин дIа кхел йойла дац аьлла. Адвокато Мусаев Мурада дийхира процесс шина денна юкъахяккхар, бехккъасторхой тобаллалц аьлла. Амма суьдхо Коротков Андрей реза хилира пачхьалкхан бехк биллархоша дуьйцучунна. Цо дIасахийцира бехккъасторхойн коллеги.

Москох гIалин кхелан зорбан сервисан куьйгалхочо Усачева Аннас дийцарехь, суьдхочо бина сацам бахьана долуш Буданов верна бехке веш волчу Темерханов Юсупан дов юха хоттур долуш ду. Цунах лаьцна хаам бо Кавказский узел интернет агенталло.

Интерфакс-агенталло бинчу хаамца, Темерхановн адвокташ дагахь бу бехккъасторхойн коллеги дIасахецарна латкъам бан. Царах цхьаммо Мусаев Мурата дийцарехь, цу сацамах лаьцна хаам хила бехаш бу 10 де далале. Кехаташ шайн кара кхаьчначул тIаьхьа латкъам бийра бу шаьш боху Мусаевс.

Цу хеннахь Тимирхановн кхин цхьана адвокато Тренина Дарьяс латкъам бина шена дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх делларна. Цунна бехке дуьллуш ду теш эца гIортар. Талламхоша чIагIдарехь, Тренинас 100 эзар сом делла хилла Буданов вуьш теш хиллачу Евтухов Александарна. Евтухов суьде веанчул тIаьхьа лачкъийнера муьлуш бу ца хуучу наха.

Цул тIаьхьа цу стага ши дIахьедар дира, шена адвокато Тренина Дарьяс кхаъ белла аьлла а, адвокато Мусаев Мурада кхерамаш тийсина аьлла а. ТIаьхьо, экспертиза йича, гучуделира Мусаевс аьлларг кхерам тасар цахилар.

Бала хьогуш ву Буданов вуьш теш хилла волу кхин цхьа стаг а. Иза ву Фаталиев Руслан. Адвокато Мусаев Мурада дийцарехь, кху деношкахь ницкъаллин структурийн белхахоша, лаьцна дIа а вигина, йиттина цунна.

Мусаев Мурад: «Соьга телефон туьйхира цо. Гучудаьлларг дара, стомара, дIа а вигина, цунна йиттина хилар. Цо дийцарехь, цунна жаннаш тIе мийраш а биттана, коьртах тIара а диттина. Доьхург хилла суна дуьхьал кийтарлонаш яр, аса цунна 100 эзар сом кхаъ белла хиларх лаьцна а, аса цуьнга харц тоьшаллаш дар дехна хиларх лаьцна а. Фаталиевс дийцарехь, цу кепара кийтарлонаш цо ца йина».

Кхузахь ала деза цу наха шайна гинарг Темерханов дIа а лацале дийцина хилар. Цундела уьш Темерхановн агIончаш бац, уьш шайна гинарг дуьйцуш болу тешаш бу.

И бахьана долуш вуно харцонаш лелош дIахьош ю и кхел аьлла, хеташ бу шаьш адвокаташ а, цунна терго еш болу дуккха а нах а. Цунах лаьцна, масала, дийцира кху деношкахь Коммерсант-газетан корреспонденто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: «Суна уьш бехкениг лаха Iалашо йолуш бу аьлла ца хета. Шайна каравеанарг, Темерханов Юсуп кIелхьара ца валийта, шайн кара деана цхьа а тоьшаллаш дацахь а, иза бехке ву аьлла, шаьш долийнарг чекхдакхха гIерташ болх беш бу аьлла хета суна уьш, тешаш бу бохучу наха ,дуьйцург тидаме а ца оьцуш».

Изза ойла йолуш ву вевзаш волу нохчийн адвокат Хадисов Муса а.

Хадисво Муса: «Уьш и дов дIадерзо гIерташ бу шаьш дIалаьцна волу нохчийн къант чу а вуллуш».

Буданов Юрий вийна 2011-чу шарахь Мангал-беттан 10-чу дийнахь Москох, вевзаш воцучу стага тапча а йиттина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG