ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуръанан тафсир кхелехь тоьллехь а...


КъорIанан сурт
КъорIанан сурт

Маситта бутт бара Новороссийскерчу кхело азербайджанхочо Кулиев Элмира дина Къуръан тафсир экстремизмалле ду аьлла сацам кхайкхийна. Оцо вуно сагатдора бусулбанийн. Краснодар-мехкан лакхарчу кхело харцбина Новороссийскан кхело тIеэцна хилла сацам. Амма...




Цхьана декъанна, Новороссийск-гIалин кхел хьалха а тосуш, цунна тIехьа лаьттачу Оьрсийчоьнан низамийн машено рогIехь зийна, шена хIун мега, ца мега, аьлла хета цхьаболучарна. Вукхарна пачхьалкхо низамийн пусар деш дацар гойту хиллачо.

Хилларг хIара ду. Новороссийскехь цхьа муьлш бу Iедало билгалбохуш а боцчу наха чуделла арз талла къастийна «Краснодар-мехкан полицин экспертизийн центр» шех олу тоба. Оцу тобанна хетарг коьрте а диллина, гIаларчу транспортан прокуратурано сацам бина, 11 шо хьалха Кулиев Элмира гочдина Къуръан экстремизм яржош тептар ду аьлла.

Прокуратуран сацам бакъбеш, Кулиевн тафсир зуламе а ду, цунна лелар дехка а догIу, аьлла бара сихха Новороссийскерчу кхело бина къастам а.
Хиллачо чIиркъе оьхуьйтура иштта а пачхьалкх шайца гома ю аьлла хеташ болу миллионаш бусулба нах.

Ца дуьжуш лаьттара стенгахь ю массарна хууш а йоцчу Новороссийскан кхело динарг. КIоран а сийсаздеш эвхьаздаьлла Iедал, бохуш хезара вуно дукха адамера.

Бусулба хиларна я нохчо хиларна делахь а, стенна а делахь а, Оьрсийчоьнан низаман хьеро хIинца ша а боцчу бехканна жоьпе ийзош волу гоьвалла адвокат Мусаев Мурад вара Краснодар-мехкан кхелехь Кулиев Элмиран агIор, цо дина Къуръанан тафсир хIуманна а бехке дацар гойтуш, кховсалуш.

Тоьлла Кулиев Элмир. И толам хIун меха бу, хIун дара Оьрсийчоьнан низаман машен тафсирна дуьхьалъяьккхинарг, боху хаттар хIинца а дуьсуш ду лела. ХIунда аьлча, бусулбанаш богу, кхана и санна хIума шайна Iедалша юха а дуьхьалдаккхарна.

Дуй-те Кулиев Элмира дина Къуръанан тафсир зуламе я экстремизмалле? Муьлхха а Делан тептаран гочдар - иза деккъа тафсир бен а дац, Къуръане цкъа а кхочур дац, я маттаца а, я маьIанан къайленашца а. Амма Кулиевс бина болх хестабо, масала, Къуръан украинан матте, СаIудийн Iаьрбийн махкахь къобал а деш, даьккхинчу Якубович Михайлос.

Якубович: «Уьш маьIна гочдар бен, кхин сов хIуманаш дац. КъорIан шех тардалур долуш а дац, иза иджаз ду – аьлча а, тардалуш дацар. Iаьрбан меттан КIоранан текст дуьнентIехь йолуш йолчу текстех тоьлларг ю. Цунна альтернатива яц, я хуьлийла а дац. Йозан шатайпалла гайта лууш-м хуьлу, и дан а лаьара чIогIа. Цхьадерг нисло, важа ца нисло. Делахь а, суна хетарехь, тафсир деш коьрта хила оьшург исбаьхьалла яц, нийсса маьIна довзийтар ду.

Соьга хаьттича, тоьлла оьрсийн тафсир ду, шеко а йоцуш, Кулиевниг. Вуно лакхарчу корматаллица дина ду и тафсир. ЧIогIа дика а ду и болх болуш. Шеко ца кхуллуш гочдар ду иза. Оригинал, кхеташ ду, шел тоьлла гочйина текст хуьлийла йоцуш ю. Цунна гонаха мел дийриг - иза маьIна довзийтар бен а дац. Дера дац иза КъорIан. Къуръан ша Iаьрба маттахь бен ма дац».

Мел кхераме ду бусулбанашна Оьрсийчохь Къуръанна, аьлча а, цуьнан тафсир сийсазден нах бовлар, иза кхеле даккхар аьлла, Маршо Радионо хаттар делира ерриг а Оьрсийчоьнна дика вевзачу Iеламче, «Оьрсийчоьнан Исламан комитет» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочуьнга Джемал Гейдаре а. Цунна хетарехь, пачхьалкх юьззина дакъазъяларан сурт ду Новороссийсскехь лелларг.

Джемал: «Низамах луъург деш хилар гойту цо. Кулиевн тафсирна лакхара охьахьажийна тохар дан гIерташ цхьа а вацар. Иза гIурттий, низам цалараррий ду. Лакхарчийн цхьаннена а ма яц Iалашо бусулбанаш Оьрсийчохь ирсе бехаш дIатарбан. Бакъ хилла ,Оьрсийчоьнах халкъийн набахти ю аьлла волу Ленин. Иза халкъийн набахти хилла а ю, тахханалц иштта юьсуш а ю».

Мусаев Мурад, массара а даре а деш, дика адвокат хиларна делахь а, Краснодар-мехкан кхел шаьш гIаттийнарг бегаше доцийла кхеттехь а, гайтина бусулбанаша, Къуръан официалехь сийсаз а деш, хьедар кхераме хIума дуйла. Ткъа хIун доккхур ду пачхьалкхо кхоалгIачу декъехь болчу шайна дуьхьал хууш бац Оьрсийчуьра бусулбанаш.
XS
SM
MD
LG