ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь а бу яккхий машенийн долахой "Платонна" дуьхьал протест дIахьош


Truck drivers protest against Platon system in Ingushetia

Несар-гIалана йистехь, некъана юьстаха лаьтташ бу оцу акци тIетайна гIалгIайн яьккхийчу машенийн долахой. 40 сов машен ю цигахь лаьтташ. Буьйсанаш а йогIуш лаьтта уьш цигахь. Массо а агIора тIетайна и шофераш Оьрсийчохь йолийначу дуьхьалонан акцина. Иштта шайгара тIедожорш а ду церан. Царах лаьцна Маршо радиога дийцира акцин декъашхочо Гудантов Макшарипа.

Гудантов: «Тхо «Платон» системан дуьхьал ду, гIуллакх доцуш некъца хIиттийначу терзашна а, рентгенна а дуьхьал ду тхо. И рентген Москоха хIоттае аьлла оха. 40-50 машен ю тхан кхузахь. Цхьаберш шайн цIахь бу машенаш тойеш».

ГIалгIайн яьккхий машенийн долахоша, шайца улло ца хIуттучу штрейхбрекершна дуьхьало ца йо, масала Дагестанехь санна. Цига масех машен ягийнера, болх саца ца бина аьлла. Шаьш цхьанна а новкъарло еш яц. Мелхо а тIехъюьйлучу яьккхийн машенаш сеца а сецаш, шайца лаьтта бохуш кхин дIа а дийцира Гудантов Макшарипа.

Гудантов: «Лелаш берш тхоьца севцина а лаьттина. Белоруссера а, Украинера а машенашца а лаьттара тхоьца. Нохчийчуьра а лаьттина».

Нохчийчура яьккхийчу машенийн долахой а лаьттина масех дийнахь гIалгIайшца оцу акцина тIетайна. Шайн цIахь и хIума дан йиш йоцун дела, цхьаболчара ахчанца гIодина шайна, аьлла дийцира Гудантов Макшарипа.

Гудантов: “Селхана цхьа жима стаг тIевеара тхуна тIе. Нохчо вара иза. Дуй буу цо, шена чIогIа хазахета шу кхузахь лаьтташ бохуш. Шен кхин накъосталла дан аьтто бац шен, хIара пхи бIе туьма ду аьлла, хIума кхалла аьлла делира цо”.

«Платонан» а, кхечу тIехсов йоккхучу йолан дуьхьало машенашна урхалла дийриш арабовларх гIуллакх кхочуш хиира ду аьлла ца хета царах цхьаболчарна. Массо а стагах хьакхалуш ду и гIуллакх, къаьстина мискачу нахах, хIунда аьлча, кхана-лама масса а сурсатийн мехаш тIекхетар ду, элира Гудантов Макшарипа.

Гудантов: “Мискачу нахана тохар ма ду хIара. Iедалша лелош йолу харцо гуш ма ю массарна а. Некъашца тхо лелачохь, хIора 15 чакхарма яьлча, садаIа меттиг хила еза. Уьш йоцуш ма ю. 4 сахьтехь некъаца вахча, садаIа деза низамца. И аьттонаш бац тхуна бина».

ГIалгIайн махкахь дIахьош йолу дуьхьалонан акци ша шех еш яц меттигерачу яьккхий машенийн долахоша. Оьрсийчоьнан автомобилистийн цхьанатохараллица уьйр а йолуш еш ю шаьш иза, цхьанна а тайпа низам а ца дохош, нахана новкъарло а ца еш, аьлла билгалдоккху Гудантов Макшарипа.

Гудантов: “Москохара оцу цхьанатохараллера векал веънера тхо долчу. Иза Дагестане а, Нохчийчу а, ХIирийн махка а кхечира. Шаьш ма лаьтта латта бохуш вара иза. Цхьа йистъер ю бохуш вара иза. Тххо тхайн аьтто мел бу лаьттар ду”.

Баханчу баттахь яьккхий машенийн урхалладечара Оьрсийчохь йолийна дуьхьалонан акцина Къилбаседа Кавказехь уггар а жигара тIетайначарах ю Дагестан. Цигахь дукха бу иштта машенаш тIехь болх бо нах. Цундела, шайгара тIехсов ял яккхарна реза боцуш уьш арабевллера эзарнашкахь. Полици дIасалахка гIоьртича а, къар ца луш хIинца а лаьтташ бу. Ала догIу, ерриге а пачхьалкхахь иштта дуьхьалонан акци дIахьош ю аьлла, Оьрсийчуьра дукхачу хаамийн гIирсашкахь хьахош а дац цунах дош а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG