ТIекхочийла долу линкаш

“Дуьненюкъарчу юкъараллина” эхь санна тидира Шемарчу Идлиб кIоштахь дина хими тохар Iаьмеркан Трамп Доналда. Адамийн бакъонашларъярхойн хьесапашца, Шемахь динчу хими тохарехь вийна 70 сов стаг, ткъа лазийнарш иттанашкахь бу.

Урдун пачхьалкхан паччахьца, Абдуллахьца, Вашингтонехь дIаяхьанчу пресс-конференцехь Трампа “инзаре вон” инцидент кхин лан йиш яц, оцо “дуккха а сийзанаш” хедийна, аьлла тIетуьхира президенто. Цо кхидIа а элира шена Шеман президентах Асадх хетарг “чIогIа хийцаделла”, аьлла.

Шеман хьокъехь цуьнан политика хийцаеллий, аьлла шега хаттар делча, Трампа жоп делира, “Шуна гур ду.”

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG