ТIекхочийла долу линкаш

Леткъамаш барца шен хан яхъян аьтто хир бу Царнаевн


Iамерка -- Царнаев Жовхар Бостонехь федералан кхелехь, куьйга диллина сурт. Охан 6, 2015.

Iамерка -- Царнаев Жовхар Бостонехь федералан кхелехь, куьйга диллина сурт. Охан 6, 2015.

Царнаевна суд еш шолгIа мур болабелла Бостонерчу федералан кхелехь. Цунна вен кхел яхь а, ша велла дIаваллалц латкъамаш беш кхел кхочуш яр дIататта аьтто хила мега цуьнан аьлла хета говзанчашна.

Шинарин дийнахь Бостонерчу федералан суьдехь шолгIа мур болабелла Царнаев ЖовхIран тIе ечу кхелан. Хьалхо бехккъасторхоша бехке лерира иза цу гIалахь дIахьочу марафонехь бомбанаш лехийтарна. Кху муьрехь 12 коьрта бехккъасторхочо а, 6 церан меттакхелана юкъабаха мегачу бехккъаторхочо сацам бийра бу дийна вуьсур ву 21 шо долу Царнаев ЖовхIар , я вуьйр ву иза.

Эксперташа шеко йолуш бу иза вуьйр ву бохучух. Цуьнах лаьцна яздо ББС-но. Хаамин гIирсаш дийцарехь, процесс дIайоьрзур ю хIара бутт чехбалале, амма кхелан сацам бовзуьйтур бу мелла а тIаьхьа, ши-кхо бутт баьлча.

Суьдхочо О’Тул Джорджа сацам бира Царнаевна кхел яран шолгIа мур бехккъасторхоша вердикт кхайкхийна ши къира даьлча дIаболо. Цо иза тIаьхьта цатеттинехь кхел кхайкхор цхьаьна нгислур дар теракт йина ши шо кхачарца а, кху шарлерачу бостонерчу марафонца а.

ШолгIа мур тIаьхьаттар дийхира адвокташа а. Царна и хан оьшуш яра тешаш кхеле балор вовшахтоха.

Цараневна тIехь еш йолчу кхело юха а айина Iамеркехь стаг вен кхел арох лаьцна долу хаттар. Цу хьокхехь йолчу дискуссешкахь дакъалоцуш бу 20I3-чу шарахь Охан=беттан I5-чу дийнахь Бостонерчу марафонехь динчу лелхийтаршкахь эшам хиллачу нехан гергарнаш а. Даханчу ПIераскан дийнахь меттигерчу коьртачу газето Boston Globe шен хьалхарчу агIон тIехь зорбане дабккхира Ричардс Мартинан ден-ненан кехат.

Цара кхайкхам бина Iамеркин Iедалшка, Царнаев ЖовхIарна вен кхел маяхьахьара аьлла. БархI шо хилла Ричардс Мартин цхьаъ ву 2013-чу шарахь Охан-баттахь Бостонехь ши эккхийтар дар бахьана долуш вийначу кхаа стагах. Цуьнан доьзало динчу дIахьедар тIехь дуьйцуш ду, Царнаевна вен кхел яхь, латкъамаш беш кхин дIа а дахлур ду цунна кхел яр, ткъа цу гIуллакхо чакхе йоцуш юх-юха а дагатуьйсуьйтур ду шайна уггаре а дахарехь хилла кIиза де аьлла.

Ричардсанийн доьзална вуно даккха зе дина вежарша ЦарнаевгIара динчу лелхийтарша. РбархI шо долу Мартин вийна, цуьнан 7 шо долу Джейна аьтто ког баьккхина, нена цхьа бIаьрг сагуш бац, ден Биллан когаш цистинера. Цуьнан лерга наьна а батIийнера.

Царнаевн да-нана карарчу хенахь Оьрсийчохь ду. Уьш суьде цабахана. Цкъачунна цигахь гучабовлаза бу Iамеркехь беха йижарий ЦарнаевгIара Белла а, Алина а, ткъа иштта Царнаев Тамерланах йисина Рассел Кэтрин а. Царнаевн адвокато Принс Уолтера дийцарехь, церан бакъо ю тоьшаллаш дан видеозIенехула.

Царнаевн адвокташ сатесна бу шайн кллиентана вен кхел йийр яц аьлла. I988 чу шарахь дуьйна Iамеркехь кхо стаг а бен цавийна федералан кхел йина волу. Царах цхьаъ ву 20 шо хьалха Оклахома-Сити гIалахь администрацин цIа эккхийтина волу Маквей Тимоти, важа ву адамаш а дайарца вевзаш волу наркотикаш йохкархо Раул Хуан а, эскархо хьийза а йина, йина волу Кувейт маьрша йоккхуш хиллачу тIамехь дакъалаьцна волу Джонс Луис а.

Нагахь вен кхел яхь а, ша велла дIаваллалц латкъамаш беш кхел кхочуш яр дIататта аьтто хила мега Царнаев ЖовхIаран. ББС-на инетрвью еллачу Бостонерчу профессоро Блум Роберта боху «схьахетарехь, иза вен мегар бохург дукха цахила мегаш хIума ду».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG