ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев Сайд-Хьусейнc суьртийн гайтам дIабаьхьира Соьлжа-ГIалахь


Нохчийчоь -- Царнаевс даьккхина сурт
Нохчийчоь -- Царнаевс даьккхина сурт

Царнаев Сайд-Хьусейн ца вевзаш стаг хира вац Нохчийчохь журналистикца мелла а уьйра йолуш вверг. Иза декъехь а воцуш дIа ца боьду махкахь цхьа а хилам. Шен балха тIехь, масала цигара суьрташ ца оьшу аьлча а, цо доху уьш. Иза шен болх безаш а , цуьнан хам беш а похIма долу говзанча ву. Цундела, цуьнан белхийн гайтаме баьхкинера шортта нах. 200 сов сурт дара, ша кху тIаьхьарчу 13-14 шарахь бинчу белхийн. Царнаев Ссайд-Хьуьсейнах довха дешнаш элира иза вевзачара а, цуьнан суьрташка хьажна, и исбаьхьалла дуьххьара гинчара а. массара а билгалшдоккхург цхьаъ дара- и суьрташ вайн къоман истори хилар. Цуьнах элира историка Ибрагимов Мовсара.

Ибрагимов: «Кху суьрташка хьаьжчхьана, вайн къоман истори ган йиш ю-кх. Со тахана диссертацийн комиссийн кхеташонера вогIуш ву. Оха Iилманан лаккхара цIераш ло. Вайна моьтту тур-тапча а даьккхина лелаш верг турплахо.. Жима волчу дуьйна, шена тIаьхь ала хIума а ца дуьтуш чекхаваьлларг ву къонах. Иштта ву-кх Сайд-Хьусейн а».

ТIеман суьрташ а, маьрша дахаран билгалонаш а, тIеман лараш а къаьстина дукха ю Царнаев Сайд-Хьуьсейнан суьрташкахь. Бала лайначу муьлххачу а стеган бIаьргаш, цкъа а тIом ца гинчеран санна хирг ца хилар го цуьнан белхашкахь. Цундела, белшах тесина масса топ а йолуш жимачу стага йоIан зезаг кховдош долу сурт гича, даган цхьа ша тайпа там хуьлу: адамаш Дала дуьнена чохь маьрша а, машаре а даха кхоьллина ду-кх, олий. Шена а Iаткъам хуьлу, Сайд-Хьусейнан цхьацца суьрташ гича, аьлла Маршо Радиога дийцира Нохчийчоьнан яздархойн кхеташонан куьйгалхочо Ибрагимов Кантас.

Ибрагимов: «Кхуза вогIучу хенахь чIогIа кхаъ а болуш вогIуш вара со. Схьакхаьчча, цхьадолчу суьрташка хьажча, бIаьргах хи делира сан. Царнаев бахьан долуш вайна дицлура дац тIеман дагалецамаш. Шен пхенаш чохь цIена, нохчийн, кавказхой цIий ду».

Царнаев Сайд-Хьусейна шеен суьрташ цхьанна а кепара къеста ца до, цхьаъ дика ду, важа-дика дац аьлла. Иза вайн къоман истори ю, элира цо.

Царнаев: «хIара вайн историн кийсак ю. хIара дкиа дуй, даций сан бакъо яц. Мах, суьрташка хьожучо хадора бу».

Царнаев Сайд-Хьусейна дукха хан а яц журналистикехь волу. Ткъех шо бен. Иза суртдаккхархо вевзачарна ца хаа а мега, амма иза 12 шарахь балетехь хелхарш деш болх бина ву Санкт-Петербургехь. Хелхаре шен дукха жима волчу дуьйна безам хилла бара, гергарчарна ца дезнехь а иза, ша цу тIегIанехь дIавахара, цунах хIумма а дохкох а ца ваьлла, элира цо.

Царнаев: «Ши-кхо хьелхар дара сан. Эсамбаев Махьмуда а хIоттийра суна шен цхьа хелхар. Балетан юкъахь а вара со. 12 шарахь дина ас и хелхарш. Цкъа а дохкох а ца ваьлла».

Тахана Царнаев Сайд-Хьусейн масал а хилла дIахоьттина къона суртдаккхархошна. Уьш, цундела дуккха а бара баьхкина, шайн карахь суртдаккхаран гIирс а болуш. Цуьнгара царна схьаэца дуккха а хIума ду. Муьлхачу балхана тIехь кхиам баккха лууш далахь, цуьнан коьрта низам-шортта болх бар ду, элира суртдаккхархочо Царнаев Сайд-Хьусейна.

Царнаев: «Хьуна чIогIа дезаделлачу хIуманна тIевирзича, далуш хилла иза. Къьахегаро дойтуш ду и ша дерриг».

«Селхане нна а, кханенна а юккхъахь цхьа мIаьрго» аьлла дIабаьхара суртдаккхархочун Царнаев Сайд-Хьусейнан суьртийн гайтам. Кхиъ гайтанза дисина ду 30 террабайт суьрташ а.

XS
SM
MD
LG