ТIекхочийла долу линкаш

Францерчу Тулузехь вийна террорхо Мера


Франци -- Францин кхерамазаллин сервисан тоба Мера Мухьаммад схьалацар Iалашонца леррина операци дIаяхьа кечлуш ю Тулуза-гIалахь, 22Заз2012

Франци -- Францин кхерамазаллин сервисан тоба Мера Мухьаммад схьалацар Iалашонца леррина операци дIаяхьа кечлуш ю Тулуза-гIалахь, 22Заз2012

Ши де дара Францерчу Тулуза-гIалахь полицино ворхI стаг верна бехке лоруш волу террорхо Мера Мухьаммад, шен хIусамехь го а бина, латтош волу. Иза дийна караваре сатуьйсуш бара Iедалхой. Амма зуламхо кхин караван а ца тигна, тIеман тассадаларех вийна иза.


Зазадоккху-бутт юккъебаьлчахьана Францерчу Тулузу а, Монблан а гIаланашкахь ворхI стаг вийнера Алжирера орамаш долчу Мера Мухьаммад. Цкъа хьалха цо вийнарг Францера кхо эскархо вара.

ЦултIаьхьа, боллу мохк а Iадош, Зазадоккху-беттан 19 дийнахь цо Тулузерачу жуьгтийн ишколана хьалха герз диттина кхо бер а, цхьа хьехархо а вийра.

Францера кхерамазаллин хьал уггаре а лакхарчу тIегIан тIе даьккхина болу меттигера Iедалхой эххар а талораш деш верг Мера Мухьаммад хиларна цуьнан интернет машанера жигаралла бахьана долуш тIаьхьа кхиинера.

ЦултIаьхьа, и волу меттиг билгаляьккхинчул тIаьхьа, террорхо шен хIусамехь чIагвеллера, Iедалхошца цкъа къамеле волуш, юха дIатуьйш.

Ткъа эххар а Iедалхоша иза чохь волчу хIусамана тIелатар дIадолийча, цо дуьхьал герз дитинера, ша дийна хилар а, дуьхьало ян кийча хилар а гойтуш. Тасабеллачу тIамехь зуламхо вийна, масех францхойн Iедалхочунна чевнаш ян а кхуьуш.

Цуьнан 23 шо хилла. Алжирхойн доьзалехь вина волу иза лулахоша а, бовза-безачара а гIиллакх а долуш, тIекаре а, тийна-таьIна а жима стаг санна вуьйцу.

Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бохуьйтуш. Дуьненчохь террорца къийсам латтош йолу лерина сервисаш уггаре а тоьллачех ларалуш ю Францехь. ХIетте а 22 сахьт даьккхира цара, Мухьаммад Мера чохь волчу хIусамна штурм ца еш, иза дийна караваре сатуьйсуш, цуьнца зIе а латтош.

Цу хьокхъехь дагайог1у кест-кеста Къилбаседа Кавказехь оьрсийн ницкъаллийн структураша дIахьуш йолу террорхошна дуьхьала операцеш.

Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а цхьа зуламхо, я Iедална дуьхьалонча чохь волу хIусам шайна билгаляьлча, герзаш а деттий, и хIусам а хIаллакйо, цу чохь мел верг а воь, бехк боцу лулахой, я уллехь ларамаза нисбелла маьрша бахархой а бойъуш. Зуламхо дийна схьалаца гIортар-м дийца а ца оьшу.
XS
SM
MD
LG