ТIекхочийла долу линкаш

ПIерасканера шоьтна буьйса юккъеяьллачу хенахь баьржира Туркойчохь эскархойн куьйгалла пачхьалкхан карчам бан гIоьртина боху дуьххьарлера хаам. ТIеман министраллерчу эпсарийн цхьана декъо Хонкарахь а, Истамбулехь а цхьа могIа стратегикаллин мехалла йолу объекташ шайн дола а яьхна, пачхьалкхан архаш церан карахь а ю, ткъа Туркойчоьнан урхалла, хетарехь, лаьцна аьлла бара дуьххьарлерчу хаамийн чулацам.

Хонкарна тIехула лела дуьйладеллера тIеман кеманаш а, бир-кеманаш а, мехкан яккхийн гIаланийн урамашка яьхнера танкаш а, кхин йолу техника а. Кеманийн порташ, цхьадолу тIайнаш карчамхоша шайн дола даьхна боху хаамаш баьржира.

Хье ца луш Истамбулехь хуьлуш лаьттарг тергалдечу меттигерчу жигархоша а, блоггерша а яздира социалан машанашкахь, Босфоран тIехула долчу тIайна уллохь маьршачу наханий, эскархошний юккъехь тийсадаларш дуьйла делла, гIалахь лелхийтарш а, герзанийн татанаш а ду хезаш, бохуш.

Цул тIаьхьа Туркойчоьнан премьер-министр Йылдырым Бинали вистхилира туркойн цхьана телеканалехула. Цо мукIарло дира, эскархой махкахь карчам бан гIоьртина, аьлла. Цо дIахьедар дира иштта, урхалла шен болх беш а ю, путч ян арабевлларш эшон хьажийна Iедална муьтIахь болу ницкъаш а бу, аьлла.

Карчам чекх ца баьлла, бер а бац аьлла тоьшаллаш туркойн урхаллин куьйгалхочо динехь а, амма билгал а хууш дацара, Эрдоганан Iедал дожийна, ша Эрдоган мичахь муьлхачу хьолехь ву, ткъа карчам бинчарна хьалхаваьлларг мила ву. ТIейогIу буьйса а, цул тIаьхьа йогIу хан-зама вуно кхераме а, гIайгIа кхуллуш а, цIий Iана сахьт доцуш а хилар-м дара кхеташ.

ЦIий боккъал а Iана а Iенира. Шота Iуьйранна Туркойчоьнан урхаллин векалша журналисташка бинчу хаамца, яханчу буса эскархоша герз деттар бахьана долуш вийнарг 90 сов маьрша стаг ву, цул совнаха урхаллина муьтIахьчу Iедалан ницкъашца тийсадаларшкахь карчамхойн агIор I50 сов стаг вийна. Лазийначийн терахь эзар сов ду.

Иштта ду яханчу буьйсан жамIаш. Ткъа ша карчамах аьлча, сахуьлчу хенахь цуьнан кхоллам кхеташ бара – путч ян гIортар чекх ца далар а, Эрдоганан Iедал эскархошка дожа ца далар а.

Ша Эрдоган мичахь ву масех сохьтана ца хууш дара. Цкъа хьалха иза садоIа ваханчуьра Хонкаре юхавоьрзуш ву боху хаам баьржира. Цул тIаьхьа интернетехула даьржира Эрдоганан кема Германе доьдуш ду, цигахь Туркойчоьнан президенто тховкIело йоьхур йолуш ю, аьлла.

Буьйса юккъе яьллачу хенахь Туркойчоьнан президент телефонехула зIене велира къомаца, гIаттамхойн цхьа а сатийсам бац, Iедал карчо, цара юхьарлаьцнарг чекх дер дац, аьлла. Цо кхайкхам бира адамашка, массо а урамашка а довлий, шайн махкахь низам а, Iедал а, къепе а ларйан дIахIитта, аьлла.

Истамбулерчу Фатихь кIоштахь, ма-дарра аьлча, цу гIалахь пIераска буса хIоьттинчу драматикаллечу хиламийн эпицентрехь вехачу вайн махкахочо Магомадов Идриса дийцира Маршо радионе, Эрдоган къоме висхиллачул тIаьхьа Туркойчуьра хьал, цу мIаьргоне кхаччалца адамаш хиллачунах ца кхеташ а, мелла а доьхна, ойла яьржина латтийна долу, нийса бIостанехьа дирзира, бохуш.

Магомадов: „Дуьххьара телевизионехула бистхилира эскархой нахе, хIусамашкара ара ма довла, аьлла. Цул тIаьхьа Эрдоган вистхилира къоме, иза урамашка кхойкхуш. Цо и къамле динчул тIаьхьа миллионаш нах арабевлира, цара эскархошкара герзаш а, танкаш а схьайохуш дуьхьало йира карчамхошна.

Тахана урамашкахь дукха полисхой бу, амма наха шайн туьканаш схьайиллина. Иза бохург ду хIинца хьал дIадирзина лара мегар ду бохург. Карчамна куьйгаллехь берш лийцина, цхьаберш Грецин агIор бевдда. Иштта хьал ду-кх кхузахь“.

Шоьтан Iуьйранна, карчам бан гIоьртинчеран Iалашонаш кхочуш ца хиллийла а, туркойн къомо шен Iедал лардинийла а кхеттачул тIаьхьа, хиллачуьн сурт мелла а дикох къаьсташ ду. Эрдоган Реджепа динчу дIахьедарца, гIаттамна тIехьа лаьтташ цхьана хенахь цуьнан хьехархо а, накъост а хилла волу туркойн Iелам стаг а, юкъараллин жигархо а волу, дуккхаъчу шерашкахь Iамеркехь вехаш волу Гюллен ФетхуллахI ву, эскархойн куьйгаллерчу цхьаьна декъаца берта а вахана, и гIаттам кечбинарг.​

​Хонкарахь карчамна куьйгалла деш Туркойчоьнан инарла штабан хьехамча хилла волу полковник Косе Мухьарем хилла бохуш чIагIдо туркойн Анадолу агенталло. Карчаман юкъара куьйгалла деш Туркойчоьнан тIеман-хIаваан эскарийн коьрта буьйранча хилла волу инарла Озтюрк Акын хилла.

Карарчу хенахь и инарла, цуьнца цхьаьна кхин цхьа могIа эпсарш-карчамхой а, ведда къайлаваьлла ларалуш ву, хетарехь, Греци агIор бевдда къайлабевлла уьш. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Кавушоглу Мевлюта Греце хIинцале а кхайкхам хьажийна, „ямартхой схьаюха ло Туркойчоьнна“ аьлла.

Ша туркойн Iедалхой карчамна декъа хилларш луьйцуш ду – хIинцале а лаьцна чувоьллина 3000 герга лакхарчу а, юкъерчу а даржашкара эскархой.

Цу юкъана дуьненан кхиинчу пачхьалкхийн а, НАТО тIеман альянсан а куьйгалхоша емал дина Туркойчохь карчам бан гIортар а, нехан цI ий Iанор а. Цара шаьш Эрдоганна белшаш гIортош хилар а, Туркойчоьнан Iедалца хилар а хаийтина. Иштта дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Баракъа а, НАТО инарла секретаро Столтенберг Йенса а, Евробертан куьйгалхоша а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG