ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьлла нохчий бу Туркойчохь хIаллакбеш


Туркойчоь-- Онлу Медет, Нохчийн Республикан Ичкерин цIарах президента Масхадов Аслана Туркойчохь шен векалтна коьрте хIоттийра 1997 шарахь, вийна 22Заз2013.
Туркойчоь-- Онлу Медет, Нохчийн Республикан Ичкерин цIарах президента Масхадов Аслана Туркойчохь шен векалтна коьрте хIоттийра 1997 шарахь, вийна 22Заз2013.

Туркойчуьрчу Уьстмалахь кхаарий буса вийна бизнесхо, Ичкерин векал ларалуш хилла меттигера вахархо нохчо Онлу Медет. Полицин хьостанаша хаам бо, и вийнарг ши стаг ву, царех цхьаъ уьш тΙехь баьхкина машен лелош хилла, шолгΙачо, Онлуна герга а веъна, тата ца хеза тапча йиттина, бохуш. И хеннахь цΙа ца веъча, гергарчарна орца кхйкхийна хилла боху цхьаболчу хаамийн гΙирсаша.



Хиллачу бохамах лаьцна иштта дийцира телефонехула Онлу Медетан доттагΙ волчу ХΙонкарарчу ЧΙанга Джамила.

ЧΙанга: " Шен ламаз дан кечлуш хилла Медет. Баьхкинчара ара а вехна тапча йиттина вийна. Дала цунна гечдойла. Сан доттагI ма вара иза. ЧIогIа дика стаг а вара. Полици лохуш ю и вийнарш. Хетарехь, цунна карор а бу. Гергарчарна а, массарна а хета, телевизионаша а боху, иза Кадыровн ницкъаша вийна хила тарло".

Уьстмаларчу Маршо Радион корреспондента Исаев Сосламбека а довзийтира шена хаа аьтто баьлларг.

Исаев: "Вийна шимма, цхьаъ машен лелош хилла, шолгIаниг и вен неIаре вахана. Ламаз дан кечлуш вийна тапча йиттина. Массара а дуьйцург ду иза Оьрсийчуьрчу ницкъаша вийна бохург. Массо а нохчийн гIуллакхе хьожуш ма вара иза. Дукха нохчий хIаллакбина кху тIаьххьарчу хенахь.Деношкахь лазийна цхьаъ ву хIинца а дарбан цIийнехь".

Талламаш мухха а берзахь а, сапаргΙат бац Туркойчуьра вайнах. Ιедалша цхьа дуьхьало ца яхь, вуно маьрша ду зуламхошна цигара нохчий хΙаллакбан.
XS
SM
MD
LG