ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура арабевла нохчий, дукхах берш Туркойн махкахь а, масех юккъерчу малхбалера Iаьрбийн мехкашкахь дIатарбелла 100 шо сов ду. Нохчийн мотт бицбелла ца Iаш, нохчийн истори а ца евза тIекхуьучу чкъурашна.


Цу историн гIайгIа бо царех Туркойчуьра нохчо Озташ Бурак ву. Шайна нохчийн мотт ца хаар чIогIа новкъ еха Осташан, делахь Ингалсан маттахь Туркойчуьра нохчех лаьцна хIара къамел до Озташа.

Озташ: "Билгал терахь дац Туркойн чохь нохчийн гIалгIай мел бу аьлла, амма суна хетарехь 100 эзар хир ву цигахь. Туркойн чохь 40 юьртахь Iаш бу вайнах дукхах ерш махкана юккъехь а малхбалехь ю и ярташ. Уьш 1858 -чу шарахь кхача буьйлара Туркойн махка, Имам Шамал оьрсашна каравахна, нохчийчоь оьрсаша дIалацча.

Нохчаша, Туркойн махка хIижарат дара бахьанаш дукха дара, юкъара аьлча, Туркойн, цу заманахь хилла Отманан Iедалан тешаме Бусулба нах оьшур шайн олаллехь болу Iаьрбийн мехкашкахь а Балканехь а, Анатолехь.

Ткъа оьрсаша Кавказ шайн оллале ялон гIерташ, цигара нах къар ца балуш яра. Цу бахьнехь, оьрсийн а Туркойн барт хилира нохчийн а, Суьйли а, ХIирой а, Чегасий лен бина Туркойн махка дIабахийта. Отман Iедалан архиво дийцарехь, оьрсаша, юьхьанца, Туркошка дуьххьара шаьш арайохуш йолу нохчийн 5 эзар доьзалан цIераш дIаелира.

ТIаьхьо, Кавказхошна юкъахь лелаш болу айкхаш а къайлахчу Туркойн Iедалан белхахоша а кхин 32 эзар хиллал доьзал Iеха бина, Туркойн махка бахийтира. Оьрсийн а, Туркойн бертахь мел бу, кавказхой Туркойн махка кхуьйлуш бара. Хете, нохчий, Оьрсийн-Туркойн дозанехьа баха хевшича, иза Оьрсашна ца тайра.

Маситтазза Туркойн махкара дегIастана юха баха гIоьртира Нохчийн амма Отманан эскар дуьхьала долий совца бора, хIунда, Оьрсийн Iедалца шаьш официал бина барт ца бохбан.

1920-чу шарахь, Туркойн Iедалан коьрте кхаьчна националисто, Ататурк Камала, Трукойн доцу къаьмнашка Туркойн мотт а ламасташ бен ца лела даийтира. Масала, Нохчийн мотт буьйцург набахте вуллур. Цу бахьнехь, таханлерчу дийнахь Туркойн чохь дукха кIезиг ву нохчийн мотт хууш. Делахь, нохчийчоь дIакъаьстича, юхнехьа мотт Iамош нохчийчу эха болабелира Туркойчуьра нохчийн. Онда мотт Iамош программаш йоцу дела, тIех-тIехула бен Iама ца ло цаьрга вайн мотт. Дуьххьара хонкаре баьхкинчарна а цигахь биначарна юккъе мотт ца хууш дийнна цхьа чкъор доьлла.

Маршо Радио: Осташ Бурак Францехь шайн лекхар дешарна бан беза таллам а рисерч Туркойчура нохчийн исторех лаьцна ю. И таллам беш, нохчийчуьра яздархоша, масала Айдмаров Абузр жайнаш санна, арахецна жайнаш тIехь дерш чулоцуш, вуьшта, нохчийн хIижарате арабевлча, бухахь бисна нохчийн историн тIаьхьа ваьлла архиваш толлуш шира Латин элпашца яздина кехаташна анализ еш ву Осташ.

Нохчийн тIаьххьаралера тIом болабелча, 200 хиллал нохчийн доьзал Туркойн махка дахар тхокIело лоьхуш. Цу бахьнехь юкъаметтигаш а совдегаралла чIагIъеллера Туркойчуьра нохчийн нохчийчоьц амма Нохчийчуьра Iедало бизнес нийса ца лелаярна, дIа хийдира и юкъаметтиг. Нохчийн Iедало Туркойн «Бора Иншаат» олу компанега гIишлош хIитта яийтина цуьнан догIу ахча дIа ца луш нохчийчуьра ара бехира компанин белхахой, бохуш дийцира Осташа.

Иза тIечIагIдеш хIара кехат яздо Хаси юьртара цхьана вахархочо нохчийчуьра цхьана гIишлонах цIе ялча « Шаьш миска, дог1у хьакъ диъна д1абахийтина болу туркойн белхалошна ойла ян езар-кх Рамзана! Церан къа дара-кх иза оцу г1ишлонах дахнарг! И яьсса ботт яьгча, халахетта дага цхьа а х1ума ца деара-кх суна, бен д1а а ца хийтира!

Туркойн чохь нохчийн мотт хуучарца юкъаметтиг лело Урдунера нохчаша. Урдунера нохчий а бара цхьана юккъахь Туркойн бахархой, Урдунан мохк Отман Iедалан олаллехь болуш. Iаьрбийн мехкашкахь цхьаьцца кегареш хилча дуьйна, шайн кханенан саготта болу нохчийн нохчийчоь марша яллалца Туркойн махка баха планаш йолуш бу таханалерачу дийнахь.»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG