ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь реза яц Iамеркан а, Гуьржичоьнан а эскарийн Iаморашна


Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан эскархой, охан-беттан 25 де, 2016
Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан эскархой, охан-беттан 25 де, 2016

Оьрсийчоьно критика йина Iамеркан а, Британин а, гуьржийн а эскарийн Гуьржийчохь дIадахьа леринчу тIеман Iаморшна. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, и тIеман Iамораш провокаци ю аьлла. Цу Iамораша Къилба Кавказера хьал карзахдаккха мега боху, Оьрсийчоьнан Министралло.

'Оьзда Партнёр' цIе йолу и Iамораш дIадахьа лерина Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь. Верриге а, 1300 эскархочо дакъалоцур ду цу тIеман Iаморашкахь, царах 650 Iамеркан,150 Британин а, ткъа 650 Гуьржичоьнан а эскархо хир ву.

Iамеркан танкаш а, гIагI диллина тIеман машенаш а схьакхаьчча Iаьржа хIордан тIера Поти порте Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG