ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан дозанехь - Оьрсийчоьнан тIеман Iамораш


Украинан дозанехь, аннекси ша йинчу ГIирмехь а цхьана декъанна, шуьйрра тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно. 12500 эскархо ву оцу барамашкахь, аьлла даржийна Кремлан тIеман администрацино.

Iаьржачу а, Таркхойн а хIордаштIехь дIахьочу Iаморашкахь кеманаш а ду дакъалоцуш, хаамбо Оьрсийчоьнан тIеман министралло. 6 денна лерина ду Iамораш. Бахначу баттахь а хилира Оьрсийчоьнан оцу мехкашкахь тIеман Iамораш.

10 эзар гергга стаг велла Украинан малхбалерчу декъехь лаьттинчу, хIинца а бижана ала а доцчу тIамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG