ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемашкахь эгначу тIемалойн хилла уьйраш зуьйш ду Нохчийчура Iедалш


Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой Соьлж-ГIалахь, хьалхара тIом, 1994
Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой Соьлж-ГIалахь, хьалхара тIом, 1994

Курчалойн кIоштан Цоцин юьртахь, герзаш а детташ, вер-ваккхарш нисделчахьана массо бохург санна, ярташкахь, кIошташкахь махкахой самонехь латтош, алсамбаьлла ладегIам. И доьзна ду мацах цкъа гIаттамхойн могIаршкахь хиллачеран, тIамехь эгначеран, я бевдда дозанал дехьабевллачу бахархойн гергарниш зуьйш-охкуш санна, кхузахь мур болорца.

«Харц, аьрха, хьарам» ойла кхаба тарлуш болчу кегийрхошна а,церан гергарчарна а кхерам тосуш,вочух уьш ларбарна тIехьажийна кIошташкахь дIабехьна кхетош-кхиоран гуламаш. Iедалхоша тIелацам бина хIинцачул тIаьхьа махкара синтем, къепе йохо лаамца гIулч яккха гIоьртинчуьнан цIеранаш махках баха. Оцу «кхайкхам-дIахьедарна» «хIаъ» аьлла, гуламашка дIа мел гулбеллачу белхоша а,могIарерчу бахархоша а.

Цара сацам бина вахабхойн дог-ойла кхобурш Iорабаха а,совцо а. Iедалхоша оццул чIогIа сагатдаллал дукха бу техьа ярташкахь и «шатайпа» хьажам берш, дин туьдурш. МогIарерчу нахана моттарехь шакарца-маьхьарца орцадаккхал, царех доьзна, кхераме хIумма дац ярташкахь.

Цунах дуьйцуш ву СоьлжагIалин кIоштера Мухтар. Цунна хетарехь уггар новкъаниг ду, бехк берш а, боцурш а кетIа а хIуьттуш, цхьабосса сингаттамехь латтор.

Мухтар: «Кхечанхьа санна баьржина бац тхан юьртахь вахабхойн дог-ойла ерш. ДIахецабелча,юьртахойх шаьш хIиттахьара цара хIун дийр дара-м ца хаьа. Мажош ерш-м шортта бу. Царех мила муха ву хьанна хаьа? Цу тIе куьцана маж лелориг а ву,воьду-вогIуш ша хьийза ца вайта лелош вверг а ву… Шайн ког хIоьттича,де хилча цара хIун дийр дара-м ца хаьа…»

Шаьш тидарехь, мацах цкъа цхьангара цхьаъ даьллера бохуш, куьг бехке лоруш хилларг а Iожалле вирзина иттанаш шераш доллушехь, цуьнан юххерчу а, генарчу а гергарчеран сахьийзадар цатовчех цхьаъ ву Мухтар. Кхин дIа а цо элира.

Мухтар: «Цхьаццаболчарна чу а оьхуш, хеттарш а деш,куьйгаш а яздойтуш а лелла. ХIун дан бохка-м ца хаьа, цхьана хIумманна карзах ха-м бевлла уьш.

Тоххара веллачу стеган бераш хIоьттуш лела, телпон ноьмарш дIаязйо. Нах садаккха дуьтуш бац. Дечунна таIзарш дина тоххарехь, вуьйриг вийна, лоцург лаьцца, хIинца а хIорш хIун дан гIерта-м ца хаьа. Мацах цкъа хилларг стенна кегадо-м ца хаьа. Адам чамбайна уьдуш ду-кх».

Шийтта, кхойтта шо хьалха тIамехь вийна Веданан кIоштера цхьа жима стаг. И вийначул тIаьхьа дуьнентIе ваьлла цуьнан кIант. И кIант а кхобуш кхечу кIоштехь ехаш ю жоьра йиснарг.

ТIаккха а шийтта шо бен хан йоцу и кIант а хIоьттуш, цуьнан ненан телпо ноьмар йоьхуш, веллачуьнан вежарийн телпон ноьмарш а йоьхуш баьхкина лелла шайга полисхой бохуш дуьйцу Веданан кIоштарчу яхархочу Медента.

Цунна хетарехь лар толлучу таллархочун эрех тера хьасартне хьийзачу Iедалан белхоша вуно чIогIа сагатдеш синтемах бохабо, вуьшта а могушалла дика йоцу баккхийнаш. Медент ю йистхуьлуш.

Медент: «Тхан кхелхина ваша хIоьттуш баьхкина лелла. Юх-юха схьа а хIуьттуш са-м гатдо цара. Веллачу вешин кIант а хIиттина. Цуьнан дац 12 шо бен. Ондаваьлчахьана дуьйна вешин а сади цара. Нахера ахча а даьккхина, кхин и ваха а вуьтур вац кхара аьлла,Европе дIавахийти. Тхайга хIун де боха-м хаац. Хьйза-м до кхара тхо».

Тахана тергаллучу хьолах дийцинчу бахархоша даре дарца, махкахь гуш долу, хIинца хIун хуьлу те, тIаккха хIун хуьлу те боху лап-лаппехь» адам, Iаткъамехь латто хьал дIа а даьлла, кесталгIа самалха дер ду-кх ала дегайовхо кIезиг ю.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG