ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанера Iилманчаша хьаьркашка дохур ду Малхбалера шира йозанаш


Малхбалера шира куьйга йозанаш электронан кепехь хьаьркашка даха дагахь бу Дагестанера Iилманчаш. Иза дийр ду эксперташа, кхаа лерринчу аппаратах пайда а оьцуш.

Цу манускрипташна юкъахь ду дуккха а шира йозанаш. Уьш латтош ду Дагестанан Iилманан центрехь.

Цу мехала кехаташна юкъахь ду Кавказе деана хилла Малхбалерчу Iелам нехан йозанаш а, Дагестанера Iелам наха дешархошна Iилма Iамочу кепехь юхаяздина йозанаш а, Iаьрбийн йоза тIехь долу кехаташ а.

XS
SM
MD
LG