ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинина бале бевлла Нохчийчура тилкхазхой


Украина -- Оьрсийчоьнехьа болу "Восток" батальонан декъашхой бу Донецкехь Украинин байракх этIош, Стиг29, 2014
Украина -- Оьрсийчоьнехьа болу "Восток" батальонан декъашхой бу Донецкехь Украинин байракх этIош, Стиг29, 2014

Укаинерчу Донецкехь Iедалшна дуьхьал тIом бан нохчий бахана хилар харц до Нохчийчура Iедалша. Амма и нах цигахь хиларан тоьшаллаш ду гучудуьйлуш хIора денна. И нах зуламен некъ эцна арабевлла хиларх кхета Нохчийчура бахархой. И бахьана долуш цара лелориг емал до цара.

Тахана къайле яц, юкъараллехь хьахош я дийцаре деш хIума а доцуш, ницкъаллин структурашкахь болх беш болу нохчий Украине хьежийна хилар. Официалан бакъ дац бохуш дIахьедарш динехь а хьулам бан йиш йоцуш гIардаьлла нохчий цигахь хилар а, къоман юьхь еш доцу хIумнаш, Украина пачхьалкхан байракх этIаяр биста кхаччалц, цара шайна магийтина хилар а.

Ган лаам болчунна интернет зIенехула гойла ду къамелаш деш а, хелха буьйлуш а Украине къепе хIотто бахна тIеман барзакъ дуьйхина вайнехан кегийрхой. Ишта халкъалахь шуьйра даьржина хабарш ду цигахь байина иттаннашкахь нохчий цIа кхуьйлуш а бу, гIардаьккхина царех дийца а ца магош, уьш къайлах-къулах дIаберзош а бу бохуш.

Цигахь нохчашлахь дараш хилла бохург шеко а йоцуш бакъ делахь а,Iедалдайша хьулам бар бахьнехь, билггал хууш дац велларг маса ву. Бакъду нохчаша данне а къобалдеш хIума дац нохчий Украинерчу хиламашна юкъакхиссар. Дукхахболчара кхеторца, леррина цхьа Iалашо хIоттийча санна, Iедалехь болчара эгIош ду вайнахаца мерза гергарло-юкъаметтигаш лелош, бIеннаш шерашкахь схьадаьхкина къаьмнаш.

«Къилба ХIирийчуьра хиламаш бахьнехь цецбехира гуьржий, хIинца ишта хьал кхоллалуш ду украинцашца а. Нохчаша стенна беш бу царна дуьхьала тIом? Шайн истори йовза ца мега царна ца йовзахь а уш цига дIахьежош болчарна ?» Цу а, кхечу а кепара диканиг ца хазадо могIарерчу наха Украине лестачарна а, цига баха царна бакъо а елла, герз-ахчанца гIо дечарна а.

ЮкъагIертарш севчча, цигара луьра хьал дIадерзийта тайп-тайпана некъаш го нохчашна.

Украинцаш шаьш цхьана берте а баьхкина, совцаре сатуьйсу ша аьлла долийра къамел Соьлжа гIаларчу вахархочо Бамбатиев Сайдис.

Сайди: "Кхетам болчу нахаца охьа а хевшина, цаьрца дийцаре дан дазар-кх шайн Даймахкара хьал. Царна шайна хьалха ган деза чуьра хьал. Украина ца юха агIо ян еза соьга хаьттича. Тасахь кхаж тесса а, дахь дийцарш дIадехьна а»

Дукхахболчара Украинерчу, чолхечу кегаречу хьолана куьг бехке Оьрсийчоь лору. Оьрсийчоьнан политикаша а, куьйгалхоша а карзах бохуш бацахьара цигахь тIеман хьал а хир дацара, Украинера оьрсий тийна-таьIIа а бехаш а хир бара аьлла хьажам бу массера а бохург санна. Цу хьокъехь къастам боллуш хьажам болчех ву тергамхо-историк Руслан.

Руслан: "Схьагойтуш ерг нехан коьрта хье дIаоьцу пропаганда ю. Берриге а хаамийн гIирсаш кара а берзийна Iехош бу-кх нах политикаша. Цигахь долу хьал дIа муха соцур дара хьуна аьлчи жоп цхьаъ ду. Цхьана стага, Оьрсийчоьнан президенто Путинс собарде аьлчахьана тоьуш ду-кх.

Цигахь болу гIазкхий ир-кара а ца хIиттош, цаьрга и гIуллакх доцург а ца дуьйцуш, автономии е, хIара е. важа е бохуш… дерриг дуьне вовшахъкхета гIерташ ду, ткъа хIорш каетташ, каетташ схьабогIуш бу кху масех бIе шарахь. ХIорш массаьрца а оьгIуш бу-кх гонах мел болчаьрца. Суна ца хаьа кхера лулахошца вон хилча хIун тIекхета? Соьга хаьттича политика йиллина, кIеда-мерза хила езар-кх. Шаверг вон а волуш, хьо дика а волуш хуьлийла ма дац…»

Соьца Украина хьокъехь къамел дина тергамхо Руслан а теш ву цигахь мел чолхе хьал а долуш,уьш мел къаьхьа къесташ хиларх герз а карахь нохчий цига эха гIуллакх долуш бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG