ТIекхочийла долу линкаш

Украинерчу хьоло сингаттаме йожийна дуьненаюкъаралла


Украина - Незалежности (Маршонан) майда. 19Чил2014

Украина - Незалежности (Маршонан) майда. 19Чил2014

Украинерчу Iедалхошка а, дуьхьалончашка а цIий Iанор сацаде аьлла кхайкхамаш беш ю Евробарт а, Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралла а.

Украинерчу хьоло сингаттаме йожийна йолу дуьненан юкъаралла а, кхиинчу пачхьалкхийн куьйгалхой а кхайкхамаш беш бу, Киеверчу Iедале а, цу Iедалан дуьхьалончашка а цIий Iанор а, ницкъ бар шинна агIоно а сацадаре.

И тайпа кхайкхам бина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло а, Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъаралло а, Европин кхеташоно а, НАТО тIеман альянсо а. Цара сихонца ницкъ баран тулгIе сацае боху Украинин куьйгалле а, оппозицин хьалхенчашка.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретар волчу Пан Ги Муна шина агIоне вовшашца дагадийлар юхаметтахIоттахьара аьлла дехар дира, цу махкара хьал аттачу даккхархьама.

Ткъа Украинехь къепедацарш дуьйладелча дуьйна схьа масийтаза цу махка яхана йолчу Евробертан кхерамазаллин а, арахьарчу гIуллакхийн а лакхара векал йолчу Эштон Катрина оппозицин куьйгалло а, пачхьалкхан урхалло дукхе дукха сиха кхоладелчу хьолах чекхвала ницкъ лаха беза, элира.

„ЦIий Iенор, ницкъ бар хIокху сохьта сацон деза“, - элира цуо ша Украинин хьокъехь динчу дIахьедарехь, цу некъа тIехь Евробарт шегара оьшуш долу гIо дан кийча хилар а хьахош.

Амма Евроберто ша гIо дан кийча хилар мел дукха дийцахь а, цкъачунна Европера шаьшна хуьлучу гIийлачу белшашхгIорторах вуно догмовла бевлла бу Украинера бахархой а, оппозицин жигархой а.

ХIинцалца схьа Европин векалша шаьш Украинерчу хьолана саготта хилар кхайкхор доцург, кхин яькккхина цхьа а гIулч яц шайн бакъонашкахьа къийса арабевллачу Майданан декъашхошна гIо дан аьлла ю меттигерчу нехан ойла.

Ур-аталла кху деношкахь Германин канцлерца цхьаьнакхета ваханчу оппозицин шина куьйгалхочунна Кличко Виталийний, Яценюк Арсенийнийн ма-хеттара, машараречу дуьхьалончашна дуьхьал Iедалхошка ницкъ байтарна бехке бочлу Украинин лакхарчу хьукматхошна дуьхьал санкцеш ян а реза ца хилира Меркел а, цуьнан гуо а.

Европа-континентан дагчохь цу Европин мехаллашкахь къуьйсуш болу нах къиза бойуш лаьттачу хенахь Меркел а, иза санна Францин а, Белгин а, Австрин а, кхин йолчу а Евроберта юккъерчу пачхьалкхийн куьйгалхой Юккъерчу Африкехь вовшашца къуьйсучу бусалбий, керистийн тайпанашна юкъе хIитта эскархой хьежош бу, цигахь шай-шайн экономикан интересаш ларйархьама, цигара дов дIадирзинчул тIаьхьа цу махкарчу Iаламан таронийн тIокал йоькъуш хилахь, кIезгох кхаьчнарг шай-шай ца хилархьама а.

Ткъа Киевехь цу юкъана могIарера бахархой башха шайн петаршкара арабовла а ца боьхьуш, гIалин юккъерчу кIошташка дIасабаха а ца хIуьттуш, бехаш бу.

Украинин коьртачу шахьарахь бехаш бу дуккхаъ вайнах а. Царех цхьаццаберш дуьхьалонан акцеш йолаелча дуьйна схьа Майданерчу машаречу гIаттамехь дакъалоцуш бу. Вуьшберш – политикан хьелашна юккъе а ца гIерташ, шайн дела-денера дахар дIахьош бу.

ТIаьхьарчарех ю Нохчийчохь шозлагIа тIом баьлчхьана Киеве баха дIабанчу Соьлжа-гIалара орамаш долчу СаидовгIера доьзалера Элиза а. Цуо дийцарехь, Майданехь долу хьал царна наха дуьйцуш я телевизионехула гина бен ца девза.

Элиза: „Цига гIалин юккъе тхо ца доьлху, кхоьруш. ХIинца кху деношкахь оьрсийн салтий чубахкор бу бохуш дуьйцуш хабарш ду цхьаццаболчара, вукхара дуьйцу, кхин а дукха дуьхьалончаш автобусашца Киеве схьабахкор бу бохуш. Доцца аьлча, кесталгIа кху деношкахь цигахь цхьаъ хир ду бохуш дуьйцу наха. Тхо, бакъдерг дийцича, цу агIор доьлхуш дац, тхан дас-нанас тхо цига даха а ца дохуьйту“.

Ткъа цу юкъана Европарламантан куьйгахочуо Шульц Мартина ша шок хилла а, гIайгане воьжна а ву элира Киевехь хилларг бахьана долуш. Иштта шен гIайгIане хилар довзийтира НАТО тIеман альянсан инарла секретар волчу Расмуссен Андерс Фога а.

Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин куьйгалхочуо Буркхальтер Дидьес девн ший а агIо кхета еза хIинца мукъане а элира, машаречу диалогца бен кхолладеллачу хьолах шаьш чекх довлалур доцийла, аьлла. Амма Европа ша а юй те хIинца мукъане а кхеташ, дIахьедарш дина а ца Iаш, цхьа билгал гIулчаш ца яьхча ша а ер йоцийла? И хаттар цкъачунна жоп доцуш ду.
XS
SM
MD
LG