ТIекхочийла долу линкаш

ТаIзар ца деш буьтур бац Европо Украинехь адамаш дайарна бехкенаш


Белги - Хорватин премьер-министр Пусич Весна еана Евробертан арахьарчу г1уллакхийн министрийн митинге. 20Чил2014

Белги - Хорватин премьер-министр Пусич Весна еана Евробертан арахьарчу г1уллакхийн министрийн митинге. 20Чил2014

Кхаарий дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн Iедало хаам баржийра, Украинера 20 лакхарчу даржийн да шайн махка чу вуьтур волуш вац, уьш Украинехь маьршачу гIаттамхошна дуьхьал ницкъа барна а, цIий Iанорна а шаьш бехке лоруш хиларна, аьлла.

Нагахь санна хIинцачул масех де хьалха Украинерчу Iедалхошна дуьхьал санкцеш ян еза бохург башха тIедуьтуш Евробертан куьйгалхой ца хиллехь, хIинца, Майданехь 35 стаг вийначул тIаьхьа, ткъа лазийначарен терахьаш бIеннашка девлича, шаьш а цхьаъ ца дича бевр боцийла кхеттачух тера ду и Европин куьйгалхой.

Мухха делахь а, еарий дийнахь Францин арахьарчу гIуллакхийн министр Фабиус Лораний, Германин арахьарчу гIуллакхийн министр Франк-Вальтер Штайнмаерий Киеве кхечира, цигахь цIий Iанор сацадан некъаш лохуш президентаца Януковичца цхьаьнакхетархьама.

Фабиуса журналисташца бинчу хаамца, Януковичца къамел хиллачул тIаьхьа и шиъ, шайца Польшин арахьарчу гIуллакхийн министр а волуш, Брюсселе гIур ву, цигахь Цхьаьнакхеттачу Европина юккъе йогIучу кхечу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министаршца дагадовларш дIадахьа.

Ткъа мича кепара санкцеш хила там бу Майданехь ницкъ барна бехкечарна дуьхьал бохучух лаьцна Фабиуса элира, Украинин лакхарчу хьукматхошна Европе богIу некъ боьхкур бу, ткъа иштта церан Европерчу банкашкара чоташ гIорор ю, тIера ахча схьадаккха йиш йоцуш. „Ишттачу хьелашкахь бохчанах лата везаш хуьлу, иза уггаре а лазаме хуьлу ишттачу нахана“, - башха дипломатийн маттахь а доцуш, элира цу хьокъехь Францин коьртачу дипломато.

Малхбузерачу хаамийн гIирсаша, Польшин премьер-министрана Туск Дональдина тIе а тевжаш, бечу хаамашца, Евробертан куьйгаллехь цхьа ойла кхоллаелла яьлла, билгал а Украинин кьуйгаллина дуьхьал санкцеш ян еза бохучух. Там бу, цу санкцешна юккъе догIуш, Украинерчу Iедалхошна визанаш ца яларал сов, иштта цу пачхьалкхана герз дохкарна эмбарго а, Iедалан дозанал арахьара активаш гIорор а, пачхьалкхийн тIегIана тIехь финансийн операцеш Украиница дIасаяр сацор а хила.

Цу хаамашца, санкцеш ур-аталла президент Януковична а дуьхьал ян мегаш ю, иза кхолладелчу хьолера политикан неIаш ца лехча ца волучу ваккхархьама.

Амма цхьа могIа Малхбузерачу тергамхошна хетарехь, я санкцеша а, я ницкъ баро а, я Оьрсийчоьнан комаьршачу кредиташа а кIелхьадоккхур дац хIинцачул тIаьхьа Украинера хьал. Цхьана хIумано бен - хенал хьалха цу махкахь харжамаш а кхайкхийна, и харжамаш дуьненан юкъараллин тергонца ка ма-доллу цIена а, нийсонца а дIабахьаро бен.

Ткъа Украинин Iедал, цу хIуманна къера а ца хуьлуш, кхин дIа а дуьхьалончашна ницкъ бан гIортахь, цунах кхин а кIорга зулам далар бен, цу доха герга даханчу Iедална гIо хир дац.

Iамеркерачу „Нью Йорк Таймс“ газетехь яздо, Януковича ша шена гур хIоттийна, цу гурара иза хIинца аравалалахь тамаша бу, бохуш. Оьрсийн Iедал а кхета деза, Украинехь кхолладелчу хьолана бехке Малхбузе йоцийла а, я „экстремисташ“ боцийла а, я шаьш сихонца миллиардаш ахчанаш Украинина чудеттарх шайга Янукович Iедалан коьртехь сацалур воцийла а, бохуш.

Шен рогIехь Британерчу „Гардиан“ газетано яздо, Януковича сихонца оппозицин куьйгаллийца политикан барт бан беза, бохуш. Цу барта юккъехь хенал хьалха харжамаш дIабахьар а, цкъачунна президентан ницкъ лахбар а хила деза. Оццул дукха нах Майданехь байъинчул тIаьхьа ишттий бен сацалур дац Украинехь ницкъ бар, аьлла хеташ бу цу газетин векалш.
XS
SM
MD
LG