ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратисташ бу, чхьаьвригаш яц...


Украина -- Георгин цуьргаш лелош бу Украинехь гIаланаш дIалийцина сепаратисташ., Охан19, 201

Украина -- Георгин цуьргаш лелош бу Украинехь гIаланаш дIалийцина сепаратисташ., Охан19, 201

Малхбалера Украина шайн караерзош бу Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ. Цу нахана вуно реза боцучу украинахоша цIе тиллина царна «колорадера чхьаьвригаш» аьлла. Цуьнан бахьана ду сепаратисташа шуьйра лелон «георгийн цуьргаш» цу чхьаьвригийн суьртехь хилар. Цу хьокъехь артикл кечйина Маршо Радион корреспонденто Синделар Дэйзис.

Шен бешахь хасстоьмаш кхиийначу стагана хаа уггаре а царна зуламе долу дийнат колорадера чхьаьвриг хилар. Цу чхьаьвриго бале лаьцна бу кху дуьнентIера еа а маьIIехь беха нах. Колорадера чхьаьвригаш дика евзаш ю церан бос бахьана долуш. Къеггина цIехо-можа а, Iаьржа а сийзаш долуш ю уьш.

Цу агIор уьш тера ю цIехо-можа а, Iаьржа а сийзаш долчу оьрсийн тIемалойн сийлаллин симбол лоручу георгийн цуьргех. И цуьргаш оьхкина лелаш бу Украинера Донецкехь а, Славянскехь а Iедалан гIишлош дIалаьцна нах.

ШолгIа Дуьненерчу тIамехь дакъалаьцначу ветеранашца доьзна долу и цуьрг юха юкъадаьккхина Оьрсийчоьно ГIирма дIалоцуш а, кхин дIа Украинина дуьхьал лаьтташ а.

РИА-Новости олучу Оьрсийчура агенталло бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу цхьана кIиранах 100 гергга цу тайпа цуьргаш декъна оьрсаша массо а меттехь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь билгалдоккхуш долу Толаман де тIекхочуш.

Украинерчу Оьрсийчоьнехьа болчу сеператисташа лелош ду и цуьргаш, шаьш Кремална муьтIахь хилар гойту билгало санна. Украинин территори тIе бевллачу герзаца болчу «баьццара» наха массара шайн кьуьйгех дихкина а, хьалха летийна а дара георгин цуьргаш, шаьш ШолгIачу дуьненарачу тIом боьдуш санна Украинин Малхбузерчу а, Киеверчу «фашистех» леташ долчух сурт хIотто гIерташ.

Ма-дарра аьлча, колорадера аьлла цIеяхана ялахь а, Невадехь гучуевлла и чхьаьвригаш Советан территории тIе кхечира ШолгIа Дьуненера тIом боьдуш. Европе уьш ларамаза кхачийнера Iамеркан эскаршца цхьаьна.

Варшаван бертан юкъайогIучу пачхьалкхаша бехке йира и чхьаьвригаш, шайн мехкашкахь ялта ца тоарна, Iамеркан Коьртачу Талламан сервисо уьш леррина советийн юьртабахам хIаллакбан яржийна ю аьлла.

И бахьана долуш Iедалан белхахоша кампани йолийра и чхьаьвриг хIаллак яр Iалашонца. Школашкара бераш арадаьхнера цара, колорадера чхьаьвригаш схьа а лехьош, уьш мехкадаьтта чохь долчу ведаш чохь йойуьйтуш.

Кху деношкахь Украинин президентан харжамашкахь дакъалоцуш волчу Порошенко Петара доладечу 5-чу канало гойтуш ю колорадера чхьаьвригаш йойучу молханах лаьцна йолу телереклама.

https://www.youtube.com/watch?v=YfO7SmdwK2Y

Цунах самукъадаьлла бу украинахой. Цу рекламехь юьйцурш баккъалла а йолу колорадера чхьаьвригаш елахь а, цуьнга хьажча нехан бIаьргашна дуьхьал хIуьттурш а, цара ойла йийраш а бу колорадера чхьаьвригех тера георгийн цуьргаш дихкина Украинера гIаланаш а, кIошташ а дIалуьйцуш хьийзаш болу сепаратисташ.
XS
SM
MD
LG