ТIекхочийла долу линкаш

Кавказан керла бахархой: Украинера мухIажирийн хьелаш денна толуш ду


Оьрсийчоь -- Украинера мухIажирш хIинца а тIебуьссуш бу. Масхьокху-бутт, 2014.

Оьрсийчоь -- Украинера мухIажирш хIинца а тIебуьссуш бу. Масхьокху-бутт, 2014.

Украинин малхбалехьа боьдучу тIамах бевдда баьхкина болу мухIажирш совбуьйлуш бу. Оьрсийчохь леррина лелабо Украинин бахархой. И гIуллакх махкан Iедало шен тергонехь латтош ду. Ткъа и нах, «мухIажирш» боху цIе а йолуш, дукха Iайта дагахь дац Iедал.

Украинхойн а, Оьрсийчоьнан регионийн бала цхьалхабаккха некъ карийна Къилбаседа Кавказехь. Ставрополь кIоштара дукха а оьрсий дIаоьхуш буйла, хууш дукха хан ю. Ткъа аренаш кавказхоша дIалецарна, гIайгIанехь яра юкъаралла а, Iедал а, килса а. ДIадаханчу шарахь Ставрополе веана хиллачу Оьрсийн Патриарха Кирилла хьахийра иза. ДIаоьхуш болчу бахархойн меттана Украинера оьрсий дIатарбан дагахь ю Ставрополь а, уллера кIошташ а. И некъ кховдийна йолчу килсанна хетарехь, Оьрсийчоьнан къилбехьа уггаре оьшуш дерг ду иза. ЖамIаш хIинцале гуш ду, дуьйцу Ставрополера мозгIара Зубович Дмитрийс:

ЗУБОВИЧ: Килсан хьал цу цига оьхучу наха гойту. Халкъан юкъаралла ю иза. Ткъа вежарий лоруш долчу къоман балина терго я еза. Дин дайша мухIажиршца беш болу болх шен жамI доцуш ца дуьсу. Килсанаш юьззина ю.

Украинхой Iаш болу лагераш денна а юзуш ю керла бахархошца. Къилбаседа Кавказехь I0 эзар ца кхоччуш мухIажир ву. Дукхахберш лагершкахь беха, амма цхьаберш гергарчу нахе а, вевза-везарг волчу дIасабахана а бу. Ккъилбаседа федералан гонан орцаллин министраллин пресс-секретара Давыдов Кантемира дийцарехь, кхузахь Iачу мухIажирша шайна цIа даха лаьа олуш хезна дац.

ДАВЫДОВ: Дийнахь-бусий I60 стаг тIекхетта. Юург а ло, хи а ду, оьшуш мел йолу хIума а латта йо царна. Психологаша а болх бо нахаца. Суна гина вац цхьа а стаг, Украине юха ваха лууш. Кхечу регионашка боьлхуш а хуьлу. Оьрсийчохь соцу Украинера баькина нах.

Оьрсийчоьнан Къилбехьа баьхкина мухIажирийн меттигерчу Iедалшца вуно дика юкъаметтигаш юйла хууш ду. ТIех дика ду, масалла, ГIебарта-Балкхаройн лагершкахь Iачу украинхойн хьал, бохуш, дуьйцу лагеран куьйгалхочо Карданова Эммас.

КАРДАНОВА: ТIекхоьхьу хIума сов яьлла, кхи ма я, олу тхоьга мухIажирша. Церан ши чоь ю: цхьана чохь тиша хIуманаш ю, вукху чохь керла хIуманаш. Царна массарна а болх беза. Тхуна хIумма а ца деш Iен ца лаьа, олу цара. Дукхахболчарна болх карийна. Сварщикаш а, механикаш а бу царна юккъехь. Белхан меттигаш карийна дукхахболчарна. Фельдшеран болх беш верг а ву.

Кхузахь саца бахьанаш шортта ду Украинера баьхкинчарна, аьлла, хета цхьаболчу Къилбаседа Кавказан бахархошна. Iедалан гIоьнца, мухIажиршна къаьстина терго ю еш. Иза хала а хетара дацара, кхузахь Iачу нахана бале и долуш дацахьара, дуьйцу Адегейхь вехачу Чергазийн Кхеташонан декъашхочо Коблев Сергейс.

КОБЛЕВ: Тхан берашна меттигаш яц бешахь, ткъа Украинера баьхкичарна сихха ло миттигаш. Кхузахь Iаш болу оьрсийн нахана новкъа деана иза. Тоъъал хаарш дацахь а, Украинера оьрсий схьаоьцу лакхарчу дешаран метигашка.

Белхан меттигаш а, берийн бошмаш а, дахаран хьелаш а – гIоли йолу агIонаш еш ю Украинера мухIажиршна. ТIелоцур ду и хьал я дац Оьрсийчоьнан бахархоша, хууш дац цкъачунна.

XS
SM
MD
LG