ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Президенто Путин Владимира Украине шайн эскарш хьажош хилар бахьана долуш сингаттаме эгийна дуккха а нах. Массо а ладоьгIуш бу гIуллакх хIинц-хIинца цIий Iеначу доьрзу-кх бохуш. Кху тIаьхьарчу деношкахь Украинехь а, Оьрсийчохь а хуьлчух шайна хетарг довзуьйтуш дIахьедарш дина дуккха а културан гIуллакххоша.

Украине оьрсийн эскарш хьовсор ирча гIалат ду аьлла Оьрсийчоьнан Iедалшка петици хьажийна Оьрсийчохь лоруш йолчу «Машина времени» олучу рок-тобан хьалханчо Макаревич Андрейс а, цуьнан накъосташа а.


Макаревич Андрей (аьттоагIор)

Макаревич Андрей (аьттоагIор)



Нагахь Оьрсийчоьно Украиница тIом болабахь иза баккъалла а вежарша вовшен бойу тIом хир бу аьлла хета Макаревична.

Change.org сайт тIехь гучуяьллачу петици тIехь Макаревича, цуьнан накъосташа а иштта боху: «Кху масийтта дийнахь синтем байна керланаш доьшуш вай кхеташ ду ГIирмехь хуьлург бIаьрга моттаргIа а, ирча гIан а ца хиларх.

Уггаре ирча сценарий кхочуш ян йолош ю, Галича ма аллара, «юха а вайн танканаш ю нехан латтан тIехь». Оха тIедожадо Оьрсийчоьнан Iедалшна Украини территори тIера берриг а тIеман ницкъаш арабахар.

Оха кхайкхам бо тхайн махкахошка: ма теша официалан пропагандех, ма хIитта тIаманна тIе. Вай гайта деза украинахошна Оьрсийчохь Iедалан пропагандах къаьсташ йолу ойла хилар а, танканаш а йоцуш кхин аргументаш хилар а. Тахана цкъа а ца хиллачу кепара мехала ду вайн лулахойн историн харжам лоруш хилар гайтар а, цера вайга ларам хилийта гIортар а".

Акунин Борис.

Акунин Борис.



Оьрсийчохь уггаре а вевзаш волчу кхузаманахьлерчу оьрсийн яздархочунна Акунин Борисана Путинан тIеман буьрсалла моттаргIа ю аьлла хета. Амма иза тешна ву кху тIаьхьарчу деношкахь Оьрсийчоьнах полицин пачхьалкха а, диктатуран пачхьалкх а хилла хиларх.

«Цхьана агIор Путин дагахь ву шегахьа баха оьрсийн националисташ – хIинца оьрсий ларбарехь коьртаниг хир ву иза.

Украинехь болчу оьрсашна цо цхьа а гIо дийр дац, ша вониг ца дахь, вуьшта а дика йоцу украинахойн а, оьрсийн а юкъаметтигаш талхош. Амма дуьхьал берш пхоьалгIа колонна санна гайта гIуртур ву иза, Оьрсийчоьнан а, оьрсийн а уьш мостагIий бу бохуш",- яздо Акунин Бориса шен блогехь.

И бахьана дулош Акунина кхайкхам бина Оьрсийчурча оппозице дуьхьалонан акцеш а ца еш сатоха, бIаьннаш эзарнаш нах урамашка арабовла кийча хиллалц аьлла. Яздархочунна хетарехь, тахана пикеташка арабуьйлурш уггаре а майра жигаралла гойтуш болу оппозицин декъашхой бу."Уьш лийца аьтто болу схьалуьца-таIзардон органийн", - бохуш яздо Акунин Бориса.

Украиница йолу юкъаметтигаш машаран гIулчашца къастайе аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка «Аквариум» тобан куьйгалхочо, музыканто Гребенщиков Бориса шен Facebook-ехь йолчу агIон тIехь. Цунна хетарехь, адамаш а ца дойуш гIуллакх дерзо сацам болуш бу даиман а. Карахь Iедал долчу нахе кхуьйкху цо и Iедал шайна делла халкъ дагадаийта бохуш.

Гребенщиков Борис.

Гребенщиков Борис.




«Генна ойла еш хила. Ма тийса адамаш вошен коча, совца, хIинцца пайда хир бу аьлла хеташ, шайн халкъана пуьташ буттучура. Кхана цу гIуллакхо вуно боккха эшам бохьур бу вайна», - бохуш яздо Гребенщиков Бориса.

Оьрсийчоьно боло мегаш болчу тIеман вуно ирча тIаьхье хир ю аьлла хета ДДТ тобан лидерна Шевчук Юрийна. «Украинера а, Оьрсийчура а бахархой гергара бу. ХIораммо а вайх шега далург дерриг а дан деза, вежарша вовшен бойу тIом ца хилийта. Иза вай ца дахь тоьлур ду адамалла ца хилар», - аьлла яздина Шевчук Юорийс «Эхо Москвы» сайт тIехь йолчу шен блогехь.

Шевчук Юра.

Шевчук Юра.



«Вайн хьекъале, майра, оьрсийн къам Iалашдон депутаташ хIунда ца бахара Майдане, Раде стохка ГIура-баттахь, майра къамел хIунда ца дира цара цу хенахь, шайн куплеташ хIунда ца лекхира цара... Олимпиада... Ткъа хIинца, даиман а санна, уьш тIехьалевчкъина эскаршна а, кхиазхошна а, цIийна а», - бохуш яздо Шевчука.

Одессехь вина Жванецкий Михаил яздархо-сатирик ву. Дийна классик аьлла цIе яхана ву иза Оьрсийчохь. ТIаьхьарчу хенахь Iедалша хьоьстуш лелош вара и стаг. Жванецкий Михаил Украинин а, Оьрсийчоьнан а халкъан артист ву.


Жванецкий Михаил.

Жванецкий Михаил.

Цо дийцарехь, украинахой ницкъ болу къам ду, къуйн Iедал лалла ницкъ кхаьчна долу. Оьрсийчура бахархой тийна-таьIна Iаш бу, иза дан доьналла хилла болчу украинахошца буьстича аьлла хета цунна.

Цул сов, Путина лелочунна шаьш реза ца хилар хайитина эшаршлакхархочо Земфирас а, музыкан критик волчу Троицкий Артемийс а.
XS
SM
MD
LG