ТIекхочийла долу линкаш

Донбассерчу Мариуполе Кадыровн бIо кхаьчна, тIемаш буьйлабала кхерам бу, бохуш яздо Украинерчу хаамийн гIирсаша кху деношкахь. Иза мел бакъду хаьттира Маршо Радионо Украинан эскаршлахь лаьттачу Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонан буьйранче Осмаев Адаме.

Маршо Радио: Донбассе Кадыровн бIаьхой кхаьчна аьлла къамел даьржина. Юй хьоьгахь ишта информаци?

Осмаев: «И тайпа информаци юкъ-кара яьржа цхьацца хаамийн гIирсашкахьа а, тIеман дакъошкахь а. Кху шина шерачохь хезара иштаниг, амма цкъа а бакъхуьлуш а дац. Оха даима алоьхура и «кадыровцаш» олу нах, амма ца гина цъа а.

Даима а уьш бухара нах хуьлура, я цхьа ХIирийчуьра баьхкинарш, шаьш нохчий ду а бохуш. Кхузахь иза модехь ду. Нохчех тарлуш, «АллахIу Акбар» бохуш, Украинан бIаьхой кхерорхьама, мохь беттар а санна.

Цундела со шек ву. Бух бац. ХIунда аьлча, юхьанца кхуза баьхкина хилларш, бухарчаьрца девнашка буьйлуш, шаьш вон а гайтина, кхузара дIабигира. Шаьш-шайггара лелаш, цхьацца ирс лоьху бIахой бу, амма бIо кхузахь хилаза дукха хан ю».

Маршо Радио: Нагахь санна уьш цигахь белахь, стенна баьхкина аьлла хета хьуна? Бацахь, баьхкина аьлла Украинерчу зорбане даржор стенца дозу, муха кхето деза иза нохчаша?

Осмаев: «Реакци муха хила еза? Вуно хала дац. Нахана хаийта деза, оцу «кадыровхой» олучу нахан нохчийн бу боху цIе бен йоцийла. Вайна, бакъ-нохчашна уьш, украинахошна Донбассехь Украинана дуьхьал тIемаш беш хьийза Захарченко а, и саннарш а бу. Уьш Москох ловзош лелае тайнигаш ю. Цигахь белахь а, я багIахь цига, уьш, шайх цара ма-аллара, Путинан гIашсалтий бен бац. И тайпа гIашсалтий, бIе сов хилча а, бIе кIезиг хилча а, Украинан эскаршна бен-башха а дац».

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG