ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацалла тIехIоьттича хIун юур яц?


Швейцари -- Ньонера Палео 34-чу фестивале хьовса баьхкинарш юуш бу, дуккха а кхиоскаш юхкуш йолу «садолу хIуманашца йина пицца», 22Тов2009
Швейцари -- Ньонера Палео 34-чу фестивале хьовса баьхкинарш юуш бу, дуккха а кхиоскаш юхкуш йолу «садолу хIуманашца йина пицца», 22Тов2009

Садолу хIуманаш жигара яаре кхайкхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Экспертийн хьесапехь, цо мацалла дIайоккху. Са долу хIуманаш массанхьа а ю, уьш сиха дебаш ю. Шело-йовхо хуьйцуш Iаламо бечу хийцамаша дукха ялта хIаллакьдарал совнаха, дебачу адамашна а ялта ца тоарна кхерам а бу, цу организацино бахарехь. Мацделча аша хIун юур яра, цу хьехаре ладугIур дарий аьлла, хIора аьхка инзара цIоз дебачу Теркйистехула волавеллера Маршо радион корреспондент Хасимиков Iусман.

ХIора шарна а цхьа миллион гергга адам дIахьуш долу,дуьненна тIера мацалла эшо Къаьмнийн Цхьаьнакхетаралло чхьаьвригаш а,гезганаш а,кхийолу сагалматаш а.акха хIумнаш яа магош бина кхайкхам вайнаха цхьабосса тIеоьцу бохург аьттехьа а дац.

Мел кхачанан сурсаташ ца тоьуш.мацалла хIоттахь а боху цхьаболчара нохчаша дуьненахь дуур дац текхаргаш а,пхьидарчий а.дехкий а. Иттанна юкъахь цхьаъ велахь кхин нохчо хир вац,мацвелча юур ю бохуш даре деш.

Пальма дитта чохь карош йолу эзар ког берш мерза кхача бу Африкехь бехачу дуккха а нехан
Пальма дитта чохь карош йолу эзар ког берш мерза кхача бу Африкехь бехачу дуккха а нехан
Бакъду суна бахархошца къамелаш деш зеделира масала тахана вайнахалахь жIаьла дууш нах хилар.Делахь а билгалдаккха догIу, шайна тIекхоллучу хIуманна къоьлла ца хилийта,и саннарш къаркъана «оба» олучарна юкъахь бен цахилар.

Дуьне даьккхина йолу сагалматаш а, я бусалба нахана хьарам дина экъа-дийнат дуур дарий аьлчи, цу хаттарна дала жоп доцурш хаалора юкъ-кара. Иштачех ву Теркйист кIоштера 61 цхьа шо долуМовла.

Линкана тIе

Буьйсанаш лаьмнашкахь санна шийла а йоцуш хаъал йовха хиларна,къаьсттина дукха сагалматаш хуьлу Теркаца Iохкучу кIошташкахь.Аьхка чот йоцуш дукха хуьлу цигашхула цаьпцалгаш а,полларчий а,дуьнен тIехь мел долу тайпа дуй те аьлла нIаьний а,лаьхьарчий а…Амма царех пайдаоьцурш боцу хьесап ду бохуш къаро ю бахархоша.Цара дийцарехь дарбанна- молханна олий,йоь кхузахь,цхьа наггахь, зу. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бинчу кхайкхамах а, дахарехь шена зеделлачух а дуьйцуш ву Новр кIоштера кхузткъе пхийттара вала волу вахархо Рамруд.

Линкана тIе

Мацалла хIун ю а ца хиинчу, мелла а къоначара, цхьа беламечу экъанна тIе а даьккхина дуьйцура Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло хааме даьккхинчу гIайгIане хаттар-проблемах.

Линкана тIе

Сенегал - Сенегалан коьртачу Дакар-гIалахь тIелетачу цIозах девдда, кIелхьардовлуш ду бераш, 01Гез2004.
Сенегал - Сенегалан коьртачу Дакар-гIалахь тIелетачу цIозах девдда, кIелхьардовлуш ду бераш, 01Гез2004.
«Мацалло лаг лаьцначу адамо дуур доцуш хIума дан а дац. Сибрехахь миллий – мацаллий дан хIума доцуш хало Iаьвшина хийла нохчочо,Мацаллина бераш доьлхуш, настарех хьерчаш,бIарзвинчу нохчийн дас, дуьненахь ша дендоцург дина,юур йоцург йиъна меттигаш яьхкина.Дера ду иза хала хIума. Дала бусалба а, керста а ларвойла цу балех». Ишта тоьшалла дора дезткъара ваьллачу Гилани цIе йолчу къаночо.

Дукхах болчу вайнахе кхеталуш хIума ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кханенан ойла яр. Бакъду, дукхах болчара аьттехьа а ца дуьту, Нохчийчохь итт –ткъа шо даьлча мацалла хила там бу бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG