ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн меттан когашкара хедийна меттанаш


Ненан меттан дуьненаюкъарчу Денна лерина сурт

Ненан меттан дуьненаюкъарчу Денна лерина сурт

Дешар, Ιилма, культура кхиорехула йолчу къаьмнийн цхьанакхетаралло – UNESCO-с – Чиллан-беттан 21-ра де Ненан меттан Де аьлла билгал а даьккхина, даздеш ду дуьнено кхойттазлагΙа. Амма оцу дийнан хатΙца ца догΙу Оьрсийчуьра Ненан меттан Де.



Дуьненаюкъара Ненан меттан Де рузмане дуьллуш, ЮНЕСКО-с иштта дΙахьебира шен лаам: алссам меттанаш, къаьмнийн ламасташ Лаьтта тΙехь маьршша дахийта, аьлла.

Ду и тайпа де Ιаьмеркахь, Ингалсехь – ингалсан меттан а, Ιаьрба мехкашкахь – церан меттан а, иштта дΙа кхин а.
Оьрсийчохь оьрсийн меттан де а ду . Иза Пушкин Александр винчу Мангал-меттан 6-гΙачу денца дΙатардина.

Мел болчу 6 эзар меттанашлахь ах гергга ларало, ЮНЕСКО-с тоьшалла а деш, бала герга бахана. Царалахь бу Оьрсийчуьра ах сов меттанаш а.
Шинарий дийнахь ненан меттан хьокъехь къамел дира президента Путин Владимира. Цо и долош, юьхьанца, мотталара пачхьалкхахь гΙелонехь дохку къаьмнийн меттанаш иза хьахо воллу, цо «ненан мотт», аьлла, долийча. Амма иза ца хилира аьттехьа а.

Путин: «Мехкан цхьаалла чΙагΙъярехь фундаменталан лард ю, шеко а йоцуш, оьрсийн мотт. Билггал цо кхуллу юкъараллин а, культуран а, дешаран а майда. И лаккхарчу кепехь хаа декхаре ву Оьрсийчуьра хΙора а вахархо. Ненан меттан санна бух шорбан а беза оьрсийн меттан».

«Ненан мотт» аьлла, Путин Владимира нехан юкъарло латтаен гΙирс бийца баьккхича, цо шен пачхьалкхехь болчу 130 маттах леш лаьтта меттанаш денбан беза ала деза моьттура ладогΙархочунна, ткъа «ненан мотт» аьлла, цо бийца баьккхинарг-м бацара цо массо а къаьмнийн сица ийна хила беза боху оьрсийн мотт бен а. Иштта бу меттанийн тΙорказ ларалучу Оьрсийчоьнан оьрсийн боцчу меттанашка болу ларам.

Оьрсийн мотт шарбалийта шина шарна дала кхайкхийра Путина ши миллиард ши бΙе эзар сом. Оцу юкъанна дегабаам бойла ду, шайн меттанийн дакъазалла а гуш-ловш, дан хΙума а доцу дехачу бΙе сов къоман.

Нохчийчохь а ду ненан меттан де - Охан-беттан 25-гΙа. Оцу дийнахь чоа-гΙовтал а юхий, араволу, Кадыров Рамзан хьалха а волуш, массо а министр. Дечкан а, кехатан а пондарш лоькху, деза хабарш дуьйцу. Амма мел шамалеш лекхахь а, кхочуш бац нохчийн маттана иза денбе кхача – луш дац иза кхион ахча-бохча, еш яц кхоччуш кхин терго а.

Оцу хьокъехь шен дегалазам бовзийтира деношкахь Маршо Радиона журналиста, яздархочо, «Орга» журналан редакторан гΙовса, Нохчийчоьнан Ιилман академехь нохчийн меттан декъехь болх бечу Бурчаев Хьалима. Хан ца тоарна хьалхо дакъа бен шуна хозийтила ца хилира тхан цуьнан къамелан. ХΙара ю оцу къамелан шолгΙа кийсаг.




ЮНЕСКО-с Ненан меттан Де юкъадоккуш бухадиллинарггий, шинарий дийнахь, Оьрсийчоьхь ненан мотт айбан беза аьлла, беккъа цхьана оьрсийн маттана аьтто беш къамел динчу Путинан къамелан ораммий вуно йоккха башхалла йолуш хилар а ду гуш.

ЮНЕСКО-с бахарехь, «меттанаш чΙагΙбаро, денбаро адамаш вовшахтуху, къаьмнаша дехьа-сехь дΙасало шайн-шайн синкхача. Оцо гергара во стагна стаг, цхьаьна нехан кхечу нахе безам чΙагΙбо, аьтто ло вовшех уьш кхетийта».
Ткъа оьрсийн меттан, беккъа цуьнан бен, гΙайгΙа беш а Оьрсийчоь яцаро гойту, оцу пачхьалкхана бен-башха а доцийла оьрсийн доцу ламасташ, гΙиллакхаш, синбахамаш.

Амма. Массеран а юкъара мотт бу оьрсийниг, ткъа юкъара бу шайн-шайн мотт Оьрсийчохь дехачу кхечу муьлххачу а къомана а. Къам кΙезиг хилча а, лара хьашт дац цуьнан мотт оьрсийн маттал я лахара а, я оьшуш а.
Иштта ю ЮНЕСКО-н принципаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG