ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабойла дуй Оьрсийчохь барт?


Оьрсийчоь -- Оьрсийн йоIа Кисленко Анастасияс диллинчу "Къаьмнийн барт" цIе йолчу суьртан репродукци.
Оьрсийчоь -- Оьрсийн йоIа Кисленко Анастасияс диллинчу "Къаьмнийн барт" цIе йолчу суьртан репродукци.

Дезачу денойн могΙараниг – Къаьмнийн цхьаалин де – билгалдаьккхина Оьрсийчохь дахначу кΙирандийнахь. Оьрсийчоьнан бахархойн таханлера юкъаметтигаш тергоне эцча, цхьа хуьлийла луучех, амма цкъачунна бух а боцуш кхайкхийначех тарло и тайпа дезаде. МогΙарчу наха а, Ιедало а хΙун дан догΙу къаьмнаша шайна юкъара гΙир-гамонаш дΙаяха? Муха го шуна пачхьалкхехь барт чΙагΙбан аьтто луш болу некъаш?

Иштта хир ду оха кху кΙиранна ладогΙархошца дийцаре ден хаттар.
Хаам бе Маршо Радиога шайна хетачух лаций.

Къамелехь дакъалаца аьтто бу телефонехула а, тхан сайтехула а. Чехин код +420, цул тΙаьхьа 724 019 832. Боцца горгали схьахьажийча а тоаме ду тхуна, тхо тхаьш девр ду духьал зΙене. SMS яийта таро ло тхан Мегафонан лоьмар тΙе: + 7 926 23 60 4 65. Циггахь шайн къамел дIаяздайта а аьтто бу шун. ЗΙе тхоьца карайойла ду имейлехула а: nc@rferl.org.
XS
SM
MD
LG