ТIекхочийла долу линкаш

Ма хала хилла хьо, пачхьалкхан экзамен


Пачхьалкхан экзамен дlалуш, 20Тов2011

Пачхьалкхан экзамен дlалуш, 20Тов2011

Оьрсийчура дешаран системехь цхьа экзамен юкъаяьккхичхьана дуьйна таро йоьхна бу дешархой, церан дай-наной а. Школа чекх яьккхинчул тIаьхьа кхин дIа деша ойла йолчу студенташа экзаменаш дIалучу хенахь бозбуунчаллаш дIаяха хилла Iалашо, нийсса пурхнехьа йирзина Нохчийчохь хьовха, ерриг Оьрсийчохь а

Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь санна кхо экзамен чекхъяьлла Нохчийчохь а:оьрсийн мотт;истори,информатика,биологи;математика.Официалан Iорабаьккхинчу хаамца и тIаьххьара экзамен дIалуш,кху мангалан беттан 3-чу дийнахь,бакъо а йоцуш телпош чуехьна аьлла,экзамен дIалучуьра юкъарваьккхина 20 дешархо.

Вуьшта аьлчи акт олу кехаташ а хIиттош ,зIенех пайдаоьцуш гучубевлла мехкарий а,кIентий а ишколаш чуьра арабаьхна.Уьш мича кIошташкара,ишколашкара бу дуьйцуш дац. Дешаран а,Iилманан а министараллин маьхькIамхоша чIагIдарехь дуьххьарлера ши экзамен дIалуш а ваьккхина,кIоршаме низамаш талхорна 12-13 дешархо ишколаш чуьра ара.

Доьшийлийн коьртачу урхаллин хьостано чIагIдарца математика экзамен дIалуш,хьарамло лелош гучуваьлла цхьа полисхойн белхо а,цхьа хьехархо а.Шен кIантана экзамен дIалуш гIо дан воьлла низамхо,чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьаькамаш тIаьхьа а кхиъна,шайна мила ву хиъначул тIаьхьа, балхара дIаваьккхина аьлла хаам дIасабаржийна цу урхаллин хьостано.Цунна санна таIзар дан тарлуш ду боху хьехархочунна а. Бакъду юха а муьлш,мичара бу аьлла цIарца буьйцуш бац куьг бехкенаш.

Цхьаболчу бозуш боцчу тергамхоша а,говзанчаша а дийцарехь Оьрсийчоьнан массо кIошташкахь лелош ю экзаменаш дIалуш хьарамлонаш а,хIилланаш а,кийтарлонаш а….
Цара билгалдаккхарца Нохчийчоь а яц цу болам-хиламашна юьстах юьсуш.Масала тIаьххьара дIаелла экзамен ю 3-чу дийнахь чекхъяьлла математика.Официалан кхайкхорца цу дийнахь леррина семинар а йина гIала дIагулбина бара махкара берриш математика хьехархой. Амма уьш цигахь мел хилла бохург доккха хIетал-метал ду.

Цхьаберш цомгаш бу аьлла цIахь бисна,вуьйш вон –дика луьстуш болчуха.Ткъа дукхахбершдешархошна гIо деш цIахь бисар шатайпа нисделла. Цу хьокъехь дуьйцуш ву сан цIе йоккхийла доцу хьехархо-математик.

«Паспорт биста кхаччалц со да мел волу кехат цу дийнахь Соьлжа-гIалахь дара,ткъа со сайн берашна гIо деш цIахь вара.Вуьшта аьлчи со волчуха цига семинаре сан метта вахна кхин стаг вар-кх.Бераш тергамза дуьтийла мА яц.Валлай дуьтур дара Оьрсийчохь а ишта гIо а деш. харцонаш лелош яцахьара.Т

Iаккха тхан бераш оьшушша-м дац.Оха а до-кх гIо.Тхаьш лелориг харцо юй а хууш,цкъацкъа со-сайх эхь мА хета суна.Дан хIума-м дац!Iедалехь берш буй, цара далийна-кх тхо кху тIе. ХIара ЕГЭ олу экзамен юкъаяккхаро
адам эхь-бехках дохийнехь бен нисдина хIумма а мА дац.ШолгIа цо бина дика болх, шайн бер деша дIахIоттош дай-наноша еш йолу харжж-м яьккхина хаъал алсам а.»

Десто хIума тIетоха хьашто а йоцуш ишта къамел до дукхахболчу хьехархоша экзаменаш Оьрсийчохь дIаялар хьокъехь. тайп-тайпанчу кIошташкахь бехачу вайнехан векалша даре а деш,экзаменаш дIалуш дешархой цхьа битна бац Кавказехь хьовх, Москохахь а,Петарбухехь а, къилбехь а,къилбаседехь а
XS
SM
MD
LG