ТIекхочийла долу линкаш

«...Твою мать» аьлча, оцу бетах хΙума ца туху?!»


Нохчийчоь --Оьрсийн гIаттамехь,Соьлж-ГIала,1958, автор вевзаш вац

Нохчийчоь --Оьрсийн гIаттамехь,Соьлж-ГIала,1958, автор вевзаш вац

55 шо хьалха Соьлж-ГΙалара оьрсий гΙаттаме бевлира, цхьана нохчочо шайх стаг вер а дестийна. И хилам дагалоьцучарна ши бахьана го. Хрушев Никитин парти а, Советан Ιедал а лара ца делира Сибрехара цΙехьаберзош болчу вайнахана даймахкахь бух кечбан, боху цхьаболучара. Нохчий даима а хилла питане къам, дуьйцу кхечара. Оьрсийчохь тахана лаьттачу хьолах терра дара оцу денойн хьал а.




1958-гΙа шо. Марсхьокху-беттан 23-гΙа де. Казахстанера дукха хан йоццуш цΙехьавирзинчу Мальцагов Лулус Соьлж-ГΙаларачу БухΙан-Юьртахь оьрсийн кегийрхойн синкъерамехь урс деттий вуьй Степашин Егор. Еъначу милицино лоций вуьгу нохчо.

Сибрехахь шераш даьхна вайнах цΙехьаберзор, цаьрца дахаран хьелаш декъа эшар ца тайна, хΙоранге а гома хьоьжуш бехачу оьрсийн жигархоша дестадо хилларг. Бага хи лаций ма Ιе, ма хьийзадайта шаьш «чучмекашка», оцу «акхарошка», олий, гуламе кхойкху цара оьрсий.

ШолгΙачу дийнахь маьΙ-маьΙнехь вовшашка хилла-лелларг шордина дуьйцуш хьийза Соьлж-ГΙалин бахархой. КхозлагΙчу дийнахь дΙавуллуш волчу Степашинан дакъа БухΙан-Юьртарчу химин заводан клубехь нахана гайта дΙахΙоттадайтар доьху шайн хьакамашка белхалоша-оьрсаша. Иза ца магадо царна.



Нохчийчоь--Соьлж-ГIалара оьрсийн гIаттам, 1958, автор вевзаш вац

Нохчийчоь--Соьлж-ГIалара оьрсийн гIаттам, 1958, автор вевзаш вац

​26-чохь Черноречье вогΙу обкоман секретар шеца алссам милцой а, КГБ-н белхахой а болуш. Цара доьхку стаг дΙавуллучарна протестан къамелаш дан а, кошан къамелаш политике дерзон а. ТΙаккха нах Соьлж-ГΙалин юккъе, партин обком йолчухьа боьлху кхелхинарг барми тΙ а вуьллий. Иштта еста боьлхучийн тоба а, цара вайнахана хьежаде неΙалташ а.

Хьаькамаша халла дΙахьовсабо нах велларг дΙаволла. Ткъа оьрсий алссам гулло БухΙан-Юьртарчу райкомна хьалха. Дехха до протестан къамелаш. ТΙаккха, чулелхий, йоккху райком. Милицино ницкъаша, бухарчара а, Ростов-шахьарара тΙеоьзначара а, мукъайоккху нахах и урхалла.

Протест еста 27-чу дийнахь. Гулам хΙутту горкомна хьалха. Ницкъаша гΙалин урхаллина чулелха нехан цхьа тоба. Лаамза гуламхошца къамел дан аравоккху секретар Шепелев. Ткъа ца олуьйту цуьнга шаьш тедеш дош. Вайнах юха а махках бахар бен къобал ца до гΙаттаме бевллачара.

Юха, чухьаьлхий, горком а, милицин а, КГБ-н а цΙенош доху цхьанна ханна. Протестахоша хΙоттийначу резолюцино доьху Ιедале вайнах 10 процентна бен махкахь баха ца магор, Грозненски областе белхаш бан а, мохк дебон а кхечу мехкашкара оьрсий кхалхор.



Нохчийчоь --Соьлж-ГIалара оьрсийн гIаттам, 1958, автор вевзаш вац

Нохчийчоь --Соьлж-ГIалара оьрсийн гIаттам, 1958, автор вевзаш вац

​Кхин адам шега те ца даделча, Ιедало эскарш тΙе а узий, тоьпийн баххаш бетташ, лохку гΙаттамхой. Бут берззалц кхайкхийна, нах дехьа-сехьа лела йиш йоцуш, комендан сахьт латтадо Соьлж-ГΙалахь. Ши стаг велла цу гΙаттамехь, итт лазийна, боху партин обкомах дисинчу документаша.

Тахана а дагалаца маьΙна долуш ду оцу деноша дитина эс. Оьрсийчоьнан цкъа цхьанхьа, тΙаккха кхечунхьа лелха гуламаш, кавказхой, доккхачу декъанна, нохчий, оьрсийн бахархоша емал беш, изза «бандит» боху цΙе тΙе а етташ. Копдопога, Пугачев, Москох – ягарйина а ца валлал дукха ю, кавказхошна неΙалташ кхайкхош, нах кху шерашкахь гуламашка бийлина меттигаш.

АхбΙе шо хьалхачул башха хилла хийцамаш стенна бац? Национализм, ксенофоби, къаьмнашна юкъа гамо яржоран гΙиллакх стенна дуьжуш дац Оьрсийчохь? Цуьнан ойла йо тахана а хийлачу стага, кхетамчохь, оьздангаллах хаьдда воцчу стага.

Шена хетарг иштта довзийтира Маршо Радионе Нохчий университетехь дукха шерашкахь истори хьоьхуш схьавогΙучу Ιилманийн доктора, профессора Акаев ВахΙида.



Оьрсийчохь оьрсех боцчу нахера бахьанаш а лоьхуш, уьш деста а деш хьийзачу нахана и бахьанаш ца делча мукъане а дуьйшур дацара те цара кавказхошца лоьлхуьйту девнаш, аьлла, хаьттича иштта жоп делира профессора Акаев ВахΙида.




Халахеташ делахь, Оьрсийчоьнан истори шена, цхьамма гура чу а кхоьссина, и гур хьийзош схьайогΙучу тарсалх тарло, боху Акаев ВахΙида. Тарсална ша генна дΙайоьдуш ю моьтту, ткъа гур-м бу ша хиллачохь лаьтташ.
XS
SM
MD
LG