ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен "Магнитскийн цIейоза" хIоттийна Британино


"Магнитскийн цIейозан" тIехь волчу Оьрсийчурча 60 стагана Британино шайн махка бахкар дехкар къобулдина Москох ХIелсинкин тобан куьйгалхочо Алексеева Людмилас. Интерфаксана ша еллачу интервьюхь цо аьлла, "иза лазаме тохар ду", хIунда аьлча ОЬрсийчура "таро йолу нах хазахеташ бу Британе боьлхуш" аьлла.

Стохка шо чекхдолуш Iамеркан президенто Обама Барака тIе куьг таIийра Магнитскийн цIарах долчу низаманна. Цу низамца а догIуш, юрист Магнитский валарна бехке болчу а, адамийн бакъонаш йохош болчу а Оьрсийчурча Iедалан белхахошгна дуьхьала кхайкхийна финансашца а, виза яларца а йоьзна санкциш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG