ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIа а Iамеркан президент хаьржина Обама Барак


ШолгIа а Iамеркан президент хаьржина Обама Барак, 07Лахь2012
ШолгIа а Iамеркан президент хаьржина Обама Барак, 07Лахь2012

Президент Обама Барак шолгIа а цу дарже хьаьржина Шинарин дийнахь Iамеркехь хиллачу харжамашкахь. Цо толам баьккхина Республикан партин цIарах кандидат хиллачу Ромни Миттана тIехь. Обамас ша тоьлла хилар дIакхайкхийра ша дуьххьар президент харжале вехаш хиллачу Чикаго-гIалахь.

Чикагохь, шен бIеннаш агIончашна хьалха вист хуьлуш, Обама Барака элира, Къайчу ЦIийне юхавоьрзуш ву ша, дог иракарахIоьттина а, мелла а сиха болх бан лууш а аьлла.

Обама Барак: «Тахана, хIара президентан харжамаш дIахьуш, аша, Iамеркан халкъо дагадаийтира вайна, мел хала бу вай юьхьаралаьцна некъ, мел беха бара вай бина некъ. Вай накъосталла дира ваьшна. Вай къийсам латтира вайн селханехьа. Вайна хаа, вайн дегнашкахь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн дика кхане тIейогIуш хилар».

Жимма хьалха Кхаарин дийнахь шен Бостонерчу харжамийн штабехь Ромнис даре дира, ша эшна хилар.

Ромни Митт: «Аса хIинцца телефон туьйхира Обама Бараке, иза толам баккхарца декъалван. Цуьнан агIончаш а, цуьнан кампани а йогIуш ю декъалъян. Суна лаьа, массо а хIума церан дика хуьлийла. Къасттина президентан а, цуьнан хIусамненан а, цаьршинан йоьIарийн а. ХIара хан хала хан ю Iамеркана. Аса Деле доьху, вайн къоманна урхалла деш цуьнан аьтто хилийтар».

Чикагохь, шен агIончашна хьалха вист хуьлуш, Обамас хаам бира ша Ромнига телефон тоьхна хилар. Iамеркана керла импульс ялар Iалашонца хIун далур ду бохург Ромни Миттаца дийцаре дан дагаъхь ву ша бохуш, вара Обама Барак.

Обама Барак 44-гIа а, Iаьржачу аматехь волу хьалхара а президент ву Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штатийн. Хууш ма хиллара, Iамрекехь президент къаставо халкъо билгалбохучу харжамхойн могΙарша. Шинарийн дийнахь хиллачу харжамашкахь толам баккха Обама Баракана 538 кхожах оьшуш бара 270. Цо толам баьккхира дукхах йолчу штаташкахь.

Дерриг а дуьнентIехь ала мегар долуш, диканца тIеэцна Обама Барак юха а Iамеркан президент харжар. Кхаарин Iуьйранна цу хьокъехь леррина дIахьедар дира Еврокомиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла а, Евробертан президенто Ван Ромпей ХIермана а. Цу тIехь аьлла ду, Обамица кхин дIа а юххера цхьаьнакъахьега дагахь ду шаьш аьлла.

Цу тайппа ойланаш йолуш бу Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхой а. Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид цхьаъ вара, уггара хьалха Обама Барак юха а президент харжарца декъалвинчерах. Обама шайн доттагI ву аьлла, ду цо Твиттерехь дитинчу йозанехь.

Iамеркан куьйгалхочуьнга кехат яздина Германин канцлеро Меркел Ангелас а. Шаьш кIорггера ларам бо Вашинтоно шайна экономикан кризисах хьалхадовла гIо дарна бохуш, яздо Меркела Обаме.

Францин президенто Олланд Франсуас дIахьедар дина Обама толар сигнал ю, Iамерка юххера дуьненаюкъара политикан хаттарш кхочуш деш хиларан аьлла. Обама толар мехала хIума ду аблла хета цунна Iамеркана а, дерриг а дуьненна а.

НАТО-н куьйгалхочо Фог Рассмуссен Андерса даггара декъалвина Обама Барак. Обамас вуно дукха хIума дина, евроатлантикан уьйраш чIагIъян аьлла хета цунна.

Израил реза яц Обама ГIажарийчоьнца доьзна долу хаттар дипломатин гIулчашца дерзо гIертарна. Делахь а цу пачхьалкхехь а дикачу агIор тIеэцна Обама шолгIа а Iамеркан президент харжар.

Палестинин автономин куьйгалхочо Iаббас Махьмуда а декъалвина Обама Барак. Иза баккъалла а Гергарчу Малхбалехь машар хIотто лууш хилар а билгалдаьккхина Iаббаса.
Обама юха а Iамеркан президент харжарна даздарш хилла, иза жима волуш ваьхначу, Индонезехь а, цуьнан дегахула орамаш долчу, Кенехь а.

Кенехь Когело олучу эвлахь ехачу Обамин денанас, Обама Сарас, элира, муьлххачу а хенахь иза хьошалгIа варе хьоьжуш Iийр ю ша аьлла.

Обама Сара: «Иза цIаваре хьоьжуш Iийр ду тхо! Суна ала лаьа цуьнга, хаьйга далуш дерг дерриг а делахь, хьайх теша а тешна, хьой хаьржинчу нахана».

Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дина, Обама Барак декъалвеш телеграмма яхьийтина Путин Владимира аьлла.

Обама Барак декъалвеш телефон тоьхна Китайн куьйгалхоша, президенто ХIу Дзинтаос а, пачхьалкхан кхеташонан премьеро Вэн Цзябаос а.
XS
SM
MD
LG