ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къинхетаме йоI – Кетеван-Элизабет


Гуьржийчоь -- Хурцидзе Лиана а, Стоун Элизабет а, Дихашхо-эвла, 16Тов2013.
Гуьржийчоь -- Хурцидзе Лиана а, Стоун Элизабет а, Дихашхо-эвла, 16Тов2013.

Iамеркера спортхочунна, нека деш Паралимпийн Ловзаршкахь толамаш бохуш йолчу Элизабет Стоунна ца хаара шен баккъалла а йолу нана мила ю. Цунна ца хаара ша цо жима йолуш дIатасаран бахьана. Гуьржийчурча Хурцидзе доьзалехь а ойланаш йора, шаьш меттигерчу берийн хIусамехь йитинчу заьIап йоIах хIун хилла-те бохуш. ХIинца уьш цхьаьнакхетта.

Ткъа шо хьалха берийн хIусамехь йитира цуьнан нанас хIинца Iамеркехь шуьйра евзаш йолу Стоун Элизабет. Ткъа кху деношкахь иза цIа еана Дихашхо цIе йолчу шен нана ехачу Гуьржийчоьнан лаьмнашкахь Iуьллучу юьрта. Шаьш дIатесна заьIап йоьIан кхоллам муха хилла ца хууш ладийгIинчу Хурцидзе доьзална эхь а, дохкобовлар а дирзира ирсечу бIаьрхишка.

Стоун Элизабета дуьйцу.

Стоун Элизабет: «Ма-дарра аьлча, сайн ваша а, йиша а, Лаша а, Теона а эвлан йистехь гира цуна. Цара далийра тхо кхуза. Царна со шайн машенахь цIайига лиира. Кхеташ ду, оха цхьа мотт буьйцуш ца хилар, амма Теонас сан куьг дIа ца хийцира некъа доьлхуш.

Юха дуккха а эвлара бераш а, нах а гир суна. Тхо керта доьлхуш, со йина сан нана Лиана гира суна кхузахь хиина Iаш. Иза елха йолаелира».

Стоун йина 1990-чу шарахь. Дуьненчу йолуш, цуьнан аьтто ког боца бара аьрро когалла а. Амма спортехь цо баьхначу толамаша хьулдина иза заьIапхо хилар. 4 шо кхачча иза долаяьккхира Iамеркехь Мичиганехь ехачу Стоун Линдас. Цо, гIо а деш, нека дан йолаелира, хьалха Кетеван Амберкиевна Хурцидзе цIе лелош хилла, жима Элизабет.

2008-чу шарахь Пекинехь Паралимпийн ловзаршкахь дато мидал яьккхира цо. Стохка Лондонехь кхин а йоьза ши мидал яьккхира Стоуна.

Цуьнан кхиамаша шена тIе тидам бахийтира Маршо Радион корреспондентийн. Стоун Элизабетан баккъалла а йолу нана каро хьоьвсира уьш.

(www.rferl.org/content/disabled-georgian-orphan-now-a-us-paralympic-star/2470I3I0.html).

Иза эххаре а карийра царна малхбузерчу Гуьржийчоьнан лаьмнашкахь Iуьллучу Дихашхо цIе йолчу эвлахь. Стоун ненан Хурцидзе Лианин 73 шо ду. Тахана ирс ду цуьнан юьхь тIехь лепаш. Шен йоI елла моьттуш хиллера иза.

Хурцидзе Лиана: «Эххаре а сайн йоI ги суна. Дела реза хила иза долаяьккхинчу нанна, иза суна гайтарна

Дуккха а харжаш а еш, Iамеркера Гуьржийчу еанчу Элизабет кхиийначу Стоун Линдас дуьйцу, шен Iалашо яра шен йоIе шина махках дозалла дайтар бохуш.

Стоун Линда: «Элизабет аса долаяьккхинч хьана дуьйна даиман а хууш яра ша Гуьржийчура хилар. Цигара ша хиларна цуьнга дозалла дайтар баккъалла а мехала дара суна. Иза дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь нека дан йоьдуш аса сайца жима ши байракх эцара – Iамеркан байракх а, Гуьржийчоьнан байракх а. Аса даиман а лестайора и шиъ, цо нека деш».

Стоун Элизабетан бакъйолчу ненан Лианин а, цуьнан ден Амберкийн а кхин а ши бер хилла иза дуьненчу йолуш. И шиъ кхераделла, заьIап йоI оьшуш ма-хиллара лелалур яц шайга аьлла. Советан пачхьалкх йоьхна хан хилла иза. Хала хиллехь а, цара сацам бина заьIапхо Кутаисерчу берийн цIийне дIаяла.

Амма Элизабетан кхолламо садууш яьхна Лиана а, цуьнан доьзал а. Цуьнан вашас Лашас элира Марш Радион корреспонденте йишех ваьлла лазам даиман а лелош бара ша шен дагчохь аьлла.




Стоунан йишас Тионас дуьйцу.

Хурцидзе Тиона: «Со баккъалла а ирс долуш ю, хIара де текхаьчна а, хIинца хуьлуш дерг кхочуш хилла а. Сан йишас ког баьккхина тхан хIусамехь. Тхо чIогIа ирсе ду иза тхайна гина, тхо даиман а дуьсур ду цуьнца. Диснарг цуьнах дозуш ду. Цуьнан шен лаам бу шена лууш болу сацам бар»,

Дог дастаделлачу Элизабета элира, шен гергара нах ган ша яр бахьана дара коьртачу декъана уьш паргIат бахар лаар аьлла.

Стоун Элизабет:
«Ма дарра аьлча, суна кхуза ян лааран цхьа бахьана дара, суна царна хууш хилийта лаар, сан царах цхьа а вон ойла цахилар. Суна лууш дерг церан дегнаш паргIат дахар дара, массо а хIума дика хилар а хаийтина».

Стоун Элизабет иштта цхьаьнакхийтира шен Кутаисерчу берийн цIийнехь хиллачу хьехархошца. ХIинца и цIа доцуш ду. Гуьржийчохь йолуш иза хилира Тбилисехь а. Цигахь иза цхьанакхийтира цу мехкан Паралимпийн комитетан декъашхошца.

Шина доьзало даш делла зIе латто.

Элизабет а, Линда а хIинцале а ахча вовшахтоха йолаелла, ши-кхо шо даьлча юха а, хIинца шаьшшинна хьоме хиллачу юха а Гуьржийчу яха.
XS
SM
MD
LG