ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штаташа ракетийн тохар дина Шемарчу хIаваан базана


Iаьмерка - Iаьмеркан хIордан USS Porter (DDG 78) тохарш дIахьош ду Шемарчу хIаваан базана, Охан-баттахь 7, 2017
Iаьмерка - Iаьмеркан хIордан USS Porter (DDG 78) тохарш дIахьош ду Шемарчу хIаваан базана, Охан-баттахь 7, 2017

Шемарчу Iедалан эскарша кху кIиран юьхьехь Идлиб кIоштахь довше газах пайда а эцна, 100 герга маьрша вахархо вийначул тIаьхьа, Цхьаьнатоьхначу Штаташа ракетийн тохар дина Хомсерчу Шайрат тIеман аэропортана. Iаьмеркан тIеман хьукматана хетархь, цу базана тIера динера маьршачу нахана довше газан тохар.

Пентагоно дечу дIахьедаршца, Охан-беттан 7-чу дийнахь хIордан кеманаша тIера 59 ‘тамагавка’ ракет яра аэропортна тоьхнарг. Диначу тохаро 6 шеман Асадан эскархо вийна, кеманаш а, кхиболу гIирс а хIаллакбина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG