ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гардендейлера бохам а, Оьрсийчоьнан политика а


Iамерка -- ШаттогIеран хIусам, Гардендейл, Техас, 20Чил2013
Iамерка -- ШаттогIеран хIусам, Гардендейл, Техас, 20Чил2013

Байначу баттахь Техас-шатехь, Гардендейл олучу жимчу гIалахь кхо шо долу Оьрсийчура Iамеркерчу доьзало кхаба вигина Шатто Макс валаро дуьненаюкъара дов эккхийтина. Оьрсийчохь иза вийна бохуш дIахьедарш дахь а, цкъачунна билггал хууш дац иза валаран бахьана.

Меттигерчу Iедалша чIагIдо, иза кестта хуур ду бохуш. Маршо Радион корреспондент Солаш Ричард хилира цу гIалахь, Шатто Максах хилларг хIун ду хьожуш.

Гардендейл 1600 гергга стаг вехаш жима гIала ю. Цу гIалахь цхьа урам чекхболлучехь лаьтташ ду Шатто Лаура а, Алан а дехаш долу цIа.

Хьалхе дуьйна дIаяздина ду кхайкхазчу хьешашна дала кечдина жоп жоп ло машен тIехь.

Жоп ло машен: «Нагахь санна хьо журналист, я хааман агенталлан репортер велахь, тхан цхьа а комментари яц».

Дечкен-бутт чекхболуш кхо шо долу Оьрсийчура цу доьзало кхаба валийна Шатто Макс, кхетамчура а ваьлла, охьавуьйжира, арахь ловзуш волуш. Сихха лоьраш кхечира цига, Максана орцах бевлла баьхкина болу. Амма и кIант веллера.

Даханчу кIирнах Оьрсийчура Iедалхоша йоккха гIовгIа эккхийтира, цу жимчу гIалахь хиллачух лаьцна дукха къорга хаарш а гойтуш. Цара бехке йора Шатто Лаура и кIант йиттина верна. Цо бух биллира оьрсийн зорбанан гIирсаш вуно чIогIа карзах бовларна.

Цара баккхийберца дийцара, цу хиллачо гойтуш хиларх лаьцна, Iамеркахошна Оьрсийчура бераш кхаба дигар дехкар нийса хилла бохуш. Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кхайкхам бира, таллам чекхбалаза а болуш, хьалххе жамIаш ма дахьара аьлла.

Меттигерчу Iедалша дийцарехь, кIант валаран бахьана билггала хууш дац. Лоьраша кестта бийр бу цу хьокъехь сацам.

Стэндефер Ширли Техасерчу Эктор гонерчу суьдан медикан урхаллан коьрта талламхо ю. Лоьраша 17 сахьт 43 минот яьлча иза велла аьлла язйинчул тIаьхьа Гардендейлана гена йоцуш йолчу Одессехь йолчу медикан центре кхаьчна ю иза. Маршо Радионе иштта дийцира цо шена гинарг.

Стэндефер Ширли: «Тхуна гира цуьнан дегIан тIехь Iаржъелла меттигаш. Iаржъелла меттигаша яра цуьнан. Цуьнан дегIан тIехь дуккха а меттигаш яра Iаржъелла. Уьш хIу бахьана долуш яра цуьнан дегIан тIехь, иза чов яра, я кхин бахьана долуш яра, со лор яц, соьга алалур дац».

Шатто Макс лоьраш этIийначул тIаьхьа дина рапорт долуш ду. Оьрсийчохь и кIант вийна аьлла, дIахьедарш дарна а, зорбан гIирсийн тидамехь и гIуллакх долун дела а, и кIант валаран бахьана таллар сихдан гIерташ ду шаьш боху Стэндэфера.

Стэндефер Ширлис дийцарехь, цо а, меттигерчу полицин офисера талламхочо а къамел дина дарбанан хIусамехь Шатто Лорица а, Аланца а. Цо билгалдаккхарехь, иза йоьлхуш а яра, егош а яра, амма цхьа а хIума хьулдан гIерташ яцара, ша лееш.

Нанас дийцарехь, Макс арахь карийнера шена боху Стэндефер Ширлис. Иза чуяхана хилла цу минотехь, ши кIант арахь ловзуш волуш. Иза воцург кхин а цуьнан ваша ву цу доьзало кхобуш. Юха араяьлча Лаурина Макс карийна бераш ловзачу меттехь воьжна.

Дональдсон Марк Эктор гонехь шериф ву. Цо дийцарехь, церан полицин офисе хаам кхечира Дечкен-беттан 21-чу дийнахь, ШоттогIер хIусаме лоьрийн гIо эцна машен хьажийнера, церан кIентан дог сецна хила мегаш ду аьлла.

Дональдсона дийцарехь, Оьрсийчоьнан Вашингтонехь йолчу векалаллан лаккхар хьехамча Чумаров Сергей хилла кху деношкахь цуьнан офисехь.

ДIадахначу кIирнах берийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан векал волчу Астахов Павела дIахьедар динера, и кIант валар толлуш Оьрсийчурча Iедалхошка дакъалацийта деза аьлла. Амма иза хир дац элира Дональдсон, Маршо Радионна интервью луш.

Дональдсон Марк: «И бер Техасан бер ду. Техасехь ваьхна ву иза, сан графствехь. Сан декъар ду хIун хилла бохург къасто. Сан болх бу иза, уьш схьа а лийцина, цаьрга бехк кховдор, нагахь иза дан цхьа бахьана ду аьлла тхайна хетахь. Нагахь цхьа а хIума дацахь, иза цахилар а къасто деза аса. Оьрсийчоьно цу хьокъехь дуьйцург иза кхин гIуллакх ду.

Со кхетарехь, царна мьтту оха, массо а хIума хьул а дина, таллам беш бац. Амма оха толлуш дерг Оьрсийчура бер далар дац. Оха толлуш дерг Техасера бер далар ду. Тхайн болх оьшуш ма хиллара бан дагахь а ду тхо».

Техасера бераш лардон сервис (CPS) а ю цу гIуллаакхана юкъаозийна. Цуьнан векалша а дIахьедар дина, шайн балхана юкъаозийна бацара ШаттогIеран доьзал аьлла.

Техасерчу Эктор гонерчу суьдан медикан урхаллан коьрта талламхочо Стэндефер Ширлис ша чIогIа хаа лууш яра боху, оьрсашна мичара йолуш ю Шатто Макс этIорах лаьцна йолу информаци, иза йиттина вийна бохуш а, цунна наркотикаш мелош хилла бохуш а.

Стэндефер Ширлис: «Суна хаа лаара, хIунда аьлча, тхан массо а тайпа хаттарш хIуьтту. Суна ца хаа. Иза пропаганда ю, я хIу ду цара дан а доцуш дуьйцуш дерг, я вайн шина пачхьалкхана юкъахь долу хаттарш ду уьш, соьга алалур дац. Цара дуьйцург доьшуш, хеталора мичара йолу царна и информаци олий. Иза беламе дара, хIинца а ду иза беламе. Иза баккъалла а сингаттаме а, ирча а ду».

Шатто Лаурас Максим (Макс) Кузьмин а, цуьнан ваша Кирилл (Кристофер) а валийнера Оьрсийчура Псков-гIаларчу берийн цIийнера.

Шатто экономика хьоьхуш яра Гардендейлана 30 килиметр герга йолчу Мидландерчу лаккхарчу школехь. Цу школан директоро дийцарехь, цо шен болх битина 2012-чу шеран Мангал-баттахь. 5 шарахь болх беш дикачу агIора гайтина ша боху цо Лаурас.

Томас Арин цу школехь дешна ю. «Цо тхуна шен кIентий сурташ гайтира», - дуьйца 2011-чу шарахь Шатто Лаурин дешархо хиллачу цо.
Томаса дийцарехь, дозалла деш и шен ши кIант школе вигина а хилла цо 2012-чу шарахь.

Гардендейлехь ШаттогIеран кхаа лулахочуьнга хаьттича, уьш цецбевлла бара, церан бераш ду аьлча. Уьш шайна цкъа а ца гинера бохуш, дуьйцу цара.

Гардендейлехь хIинца хоьтту, хIун хир ду ШаттогIеран доьзалехь кхиош волчу шолагIчу кIантах Кристоферах бохуш.

Техасерчу бераш Iалашдаран сервисан белхахочо Циммерман Паула дийцарехь, цунна цхьа а кхерам болуш хIума дац шен доьзалехь виса. Церан белхахой сих-сиха хуьлу ШаттогIаьргахь. Iамеркан Москохь йолчу векалалло а, шерифа Дональдсона а билгалдоккху кIант шен деца хилар. Кхин тIехдаьккхина хIума дуьйцуш дац.

Оьрсийчурча Iедалан векалша дIахьедарш до, Шатто Кристофер шен баккъалла а йолчу нене Кузьмина Юлияга Оьрсийчу дIавала веза бохуш. Максан а, Кристоферан а баккъалла а йолчу нанас кху беттан 21-чу дийнахь телевизинехула кхайкхам бира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Шатто Кристофер цIаверзош гIо дахьара аьлла.

Телевизионан программехь дакъалоцуш и дIахьедар а дина, цIа йоьдуш масийтта сахьт далале, малар дукха меларна берех яьккхина йолу и зуда цIерпошт тIера охьаяьккхира, къаьркъа а мелла, во леларна.
XS
SM
MD
LG