ТIекхочийла долу линкаш

Ледара санкцеша Iаткъам бийр бац Оьрсийчоьнна


Iамерка -- Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш а кхайкхош, Украинин эскарна герз далар доьхуш бу хIара нах Нью-Йоркехь , 19Товб2014

Iамерка -- Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш а кхайкхош, Украинин эскарна герз далар доьхуш бу хIара нах Нью-Йоркехь , 19Товб2014

Оьрсийчоьнан дуьхьал керла санкцеш хайкхо барт хилла Евробертана юкъайогIучу 28 пачхьалкхан. Уьш хIинца хьакхалуш хир ю Оьрсийчоьнан экономикан секторех. Цу сацамца Евроберто лахдеш ду, я кхоччуш доьхкуш ду пачхьалкхан долахь долу рицкъ шайн рынкашка кхачар.

Оьрсийчоьнна герз дохкар а доьхкуш ду. Мегаш дац Оьрсийчоьнна дохка тIеман хьашташна пайда эца мегар долу сурсаташ.

Иза баккъалла а лазаме хила мега Оьрсийчоьнан экономикана аьлла, хета цхьаболчу эксперташна. Ткъа вукхара цу тайпа гIулчаш тоьаш яц бохуш дIахьедарш до. КхолагIчара дуьйцу, Евроберто а, Iамерко Оьрсийчоьнна духьал йохуш йолу санкцеш беламе ю бохуш.

Исханов Хьусайн Ичкерин парламентан декъашхо хилла а, шина тIамах чекхваьлла а ву. Цунна дика евза Оьрсийчоьно лелош йолу политика. Iамерко а, Евроберто а кхийкхош йолчу санкцеша хуьйцур юй Оьрсийчоьно Украина хьокъехь лелон политика аьлла, шега хаьттича Исханов Хьусейна иштта жоп делира.

XS
SM
MD
LG