ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тодашев Iабдулбакъи: "Бехк боцу сан кIант дукха атта вийна"


Нохчийчоь -- Тодашев Iабдулбакъи, 20Ман2013
Нохчийчоь -- Тодашев Iабдулбакъи, 20Ман2013

Бостонехь марафон дIахьош лелхийтарш дар толлуш ле вечу хенахь Iамеркан федералан талламан бюрон агенташа вийначу нохчийн жимачу стеган дена хетарехь, цуьнан кIант вийна цхьа а бахьана доцуш. Кху деношкахь Iамеркехь волу Тодашев Iабдулбакъи дагахь ву, меттигерчу адвокаташа накъосталла а деш, шен кIант верна бехке болу нах жоьпе озабайта.

Тодашев Iабдулбакъи кху деношкахь Iамеркерчу Флорида-штатехь, Тампа-гIалахь (Tampa, Florida) ву. Шинарин дийнахь, журналисташна хьалха вист хуьлуш, цо дIахьедар дира, шен бехке воцу кIант дукха атта вийна аьлла.

Тодашев Iабдулбакъи: «Аса а, ИбрехIиман нанас а хоьгург ма хьегийла цхьана а дас-нанас. Сан кIант дика кIант вара. Иза бехке вац. Иза бехк-гуьнахь а доцуш вийна».

Тодашев Iабдулбакъис дийцарехь, Iамеркехь шен кIант верна нийсо лаха гIерташ ву иза. Цуьнан адвокаташ латкъам бина федералан талламан бюронна дуьхьал. Иза карарчу хенахь луьстуш бу.

27 шо долу Тодашев ИбрехIим вийна Флорида-штатехь, Орландо-гIалахь. Бостонехь лелхийтарш дарна бехке лоруш волчу Царнаев Тамерланца хилла юкъаметтигаш толлуш Iамеркана федералан талламан бюрон агенташ хаттарш луш хилла Тодашевга цуьнан хIусамехь.

Федералан талламан бюрон векалша чIагIдарехь, церан агенто тапча йиттина Тодашевна иза цIеххьана шена тIелетча.

Дуьххьар Тодашев ИбрехIим, урс а карахь, тIелеттера шайн агенташна аьлла хаам баржийра Iедалан векалша. Ткъа цул тIаьхьа цара хийцира шаьш дина дIахьедар, хилларг билггал хIун ду хууш дац аьлла. Федералан талламан бюроно таллам болийна Тодашев вер хьокъехь.

Тодашев Iабдулбакъи шеко йолуш ву федералан талламан бюроно дуьйцучух. Цо дийцарехь, цуьнан кIант герз карахь ца хилла, ткъа цунна ворхIазза тапча тоьхна.

Тодашев Iабдулбакъис лаьцна волчу адвокато Шинарин дийнахь дIахьедар дира, Тодашев ИбрехIим цунна тапча еттачу хенахь коган гола лазийна вара, агенташа ма дийццара, царна тIелата де долуш а вацара аьлла.

Федералан талламан бюро реза ца хилира цу хьокъехь комментари ян, таллам хIинца а чекх ца баьлла аьлла.

Спортехь ийначу кепехь латархо волу Тодашев ИбрехIим а, Бостонехь лелхийтарш дарна бехке лоруш волу Царнаев Тамерлан а вовшен вевзаш вара. И шиъ цхьаьна спортан хIусаме лелла ву, Тодашев Флорида-шатате дIавахале.

26 шо долу Царнаев Тамерлан вийра Охан-беттан 19-чу дийнахь, полицица хиллачу герзаш деттарехь. Иза схьалаца гIоьртинера полицин белхахой, Охан-беттан 15-чу дийнахь, кхо стаг а вуьш, 260 сов стаганна чевнаш а еш, марафон дIахьош ши бомба эккхийтарна иза бехке хила мега аьлла шеко йолуш.

Цу лелхийтаршца доьзна ду Казахстанера 19-на шераш долу ши студент лацар а. Кадырбаев Диас а, Тажаяков Азамат а бехке веш ву таллам дIабахьарна новкъарло ян гIортарна. Талламхоша дийцарехь, Царнаев ЖовхIаран дехарца цу шина жимачу стага дIакхоьссина хилла цуьнан ноутбук а, тоьрмиг а.

Кадырбаев Диаса а, Тажаяков Азамата а Шинарийн дийнахь Бостонехь федералан суьдехь дIахьедар дира, шаьшшиъ бехке ца хета шайна аьлла.

Нагахь и ши студент бехке хилар тIечIагIдахь, царшинна хIоранна 20 шо а тухуш, хенаш тоха мегаш ю. Кадырбаев Диас а, Тажаяков Азамат а Царнаев ЖовхIарца Массачусетсерчу Университетехь доьшуш хилла ву.

Бостонехь марафонехь лелхийтарш дарна бехк шена тIе ца лаьцна Царнаев ЖовхIара а. Цунна кхел яр дIахьош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG