ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрча Новран кIоштара Росгвардин декъанна тIелатар деш вийначу 6 тIемалочуьнан гергара нах лецна Iедалша, хаам бо «Кавказский узел» сайто. Иштта вежарийн МуридовгIеран да а, церан гергара нах а бу полицино дIабигина.

Новран кIоштIахь хилла ца Iаш, мажош йолу нах луьттуш бу Соьлж-ГIалахь, а бохуш яздо «Кавказский узело», цигарчу бахархоша дуьйцучун тIе а тевжаш.

«Новая газетан» журналисташа дехар динчу суьдан медицинан эксперташа а, баллистикан говзанчаша а тоьшалла дина, сурташ тIехь гуш болу нах юххера герз диттина байина бу аьлла.

Царах хIоранна а коьртах герз тоьхна, лерга уллера меттиг а лоцуш. Кхин герзо йина чевнаш яц царна тIехь.

Цхьана сурта тIехь вийначуьнан скотчаца дегIах йихкина ю куьйгайинчу бомбанан муляж. Гуш ду иза цIийн а, хоттан а томмугIашна тIехула тIейихкина хилар. ТIехула тIе вийначуьнан аьрро куьйга тIехь гуш ю гIоьмаша йитина лар, яздо "Новая газето".

И дерриг а тидаме эцча, кхеташ дац Новрахь хилларг билггала хIун ду.

XS
SM
MD
LG