ТIекхочийла долу линкаш

БIаьсте яларца жигарбовла мегаш бу Нохчийчура къайлаха лела тIемалой.

ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатарш хилара коьртачу декъана гIаланашкахь а, ярташкахь а. Амма кху деношкахь ТАСС агенталло хаам бира, ТIехьа-Мартан кIоштарчу хьаннашкахь тIематасадаларехь ши тIемало вийна аьлла.

Нохчийчуьрча чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо дийцарехь, тIемалой бу боху нах гучубевллера цу кIоштахь полицино талламан операци дIахьош.

Полисхойн бIаьргкхетта хиллера герз карахь хуьнахула вогIучу шина стагах. И меттиг гоне а лаьцна, хьунхара аравала аьлла шайга кхайкхам бича, цаьршимма тIом болийна хилла полисхошца. Амма иза дукха бахбалале и шиъ вийна.

Цаьршинна цIераш йохуш яц. Полицин векалша цу тIематасадаларх лаьцна дуьйцуш билгалдоккху шайна юкъахь дараш ца хилар. ТIом дIабирзича ницкъаллин структурийн белхахоша кхин болу тIемалой лоху шаьш аьлла таламаш бина ТIехьа-Мартан кIоштахь ломаца йолу хьаннашкахь, яздо Кавказ.Реалии сайто.

Оцу меттигашкахь лечкъийна хене йовлуш йолчу нохчийн тIемалойн тобанийн декъашхой хиллачух тIера ду вийна шиъ. ШолгIа тIом болабелчхьана дуьйна и тактика юьхьарлаьцна бехаш бара Нохчийчоьнан дуьхьалонан боламан декъашхой.

Хьаннашкарчу тIемалойх дIакхета баханчу кегийрхоша хада йора шайн гергарчерца йолу зIе. Цара сацам бора кхин цкъа а цIа ца берза, хIунда аьлча жима стаг тIемалойх дIакхетар оццу минотехь хууш хилара къайлахчу сервисийн белхахошна а, Кадыров Рамзанан кхерамазаллин ницкъашна а.

Хуьнхара и ши стаг аравалар доьзна хила мега, кхаллахIума эца ваха гIортарца, я кхечу тIемалойн тобанца зIе дIатаса ваха новкъаваларца, хета Кавказ.Реалии сайтана.

Хууш ма хиллара, тахана Нохчийчохь тIом беш бисинчу нехан могIарш вуно нилхадевлла. Шемахь тIом болабелча цига дIабахана дукхаха болу зеделларг долу нохчийн тIемалой. Царах дуккха а кхелхина Шемахь а, Иракъехь хиллачу тIематасадаларшкахь.

Кавказ.Реалии сайт о яздарехь, тахана Нохчийчохь йиснарг ю Бютукаев Аслана (амир Хамзат) куьйгалла дон жима тоба.

Оццу хьостано чIагIдарехь, 2015-чу шеран Мангал-баттахь Бютукаевс ша муьтIахь хилар хаийтира «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) олучу экстремистийн тобанан хьалханчана БагIдади Абу-Бакарна. Иза цо дира Нохчийчуьрча берриг а исламан тIемалойн цIарах.

Цул тIаьхьа Бютукаевс ша дийна хилар шозза хаийтина, социалан машанашкахь шен видео а хIоттийна.

Цуьнан уллера тIеман накъостий (Вадалов Асланбек, Газиев Тархан, Саидов Махран) 2015 шо долалуш Туркойчу дIабахана лоруш бу, ткъа Кадыров уьш схьабоьхуш ву туркойн Iедалшка.

«Кавказ Имаратан», цул тIаьхьа ДАIИШ-ан дакъа тIемалойн тоба ю, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисех а, Кадыровн ницкъех а кIелхьара яла аьтто баьлла йолу. Цу тобанехь маса стаг ву хууш дац.

Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатарш дина кегийрхой юкъахь ца хилла цхьана а евзаш йолчу тIемалойн тобанна.

Масала, Новрахь Росгвардин базана тIелатар дина вийра 6 эскархо. Кхоъ чевнаш хилла вара. Официалан хьостанаша бинчу хаамца, цу тIелатарехь дакъалаьцна 6 стаг вийнера.

Оццу хенахь «Новая газето» яздира, тIемалой бу боху и нах дийна болуш карабахана а хиллера, уллера тIе герз детташ байина а хиллера уьш.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан къера хилира и тIелатар цIеххьашха хилла хиларна. Кхин и тайпаниг хуьлуьйтур дац шаьш бохуш вара иза.

Росгвардин буьйранчан хьалхарчу когаметто инарло Меликов Сергейс даре дира, къайлаха лелачу тIемалошна шаьш дуьхьало ярх, Къилбаседа Кавказера республикаш юьсуш ю Оьрсийчохь терроран тIелатарш дон меттигаш санна аьлла, яздо Кавказ.Реалии сайто.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG