ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шозза тIамехь хилла стаг велла коьртах шиша кхетта


Лоьрийн аьтто ца баьлла Iожаллах хьалхаваккха коьртах шиша кхетта лазийна волу суьдан пурстоп Дмитриев Сергей. Цуьнах лаьцна хаам бина m.el.ru cайто.

REGNUM агенталло бинчу хаамца, Дмитриевн корта лазийнера стохка ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь белхан гIуллакх кхочуш деш. Иза декхар схьадаккха вахана хиллера Екатеринбургехь Шварцан урамехь долчу цIа чохь вехачу стагера, корех цхьаммо аракхоьссина шина цунна коьртах кхеташ.

Коьртана онда чов хилла Дмитриев дIакхачийнера госпитале. Цигахь Iиллира иза кхетам чохь воцуш кху беттан 20-чу дийнахь валлалц.

М.eI.ru сатйо бинчу хаамца, 46 шо долу Дмитриев суьдан пурстопан болх беш волу дара 16-гIа шо. Цо шозза дакъалаьцнера Нохчийчохь боьдучу тIамехь. Дмитриевн дисина ши бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG