ТIекхочийла долу линкаш

Адамийн бакъонаш ларъярна - ХIавел Вацлаван цIарах совгIат


Чехин Республика - Чехин шозза президент лаьттина волу Хlавел Вацлав 15-чу Форум 2000 гуламехь, Пархlа, 10Гlа2011

Чехин Республика - Чехин шозза президент лаьттина волу Хlавел Вацлав 15-чу Форум 2000 гуламехь, Пархlа, 10Гlа2011

Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно а, Чехерчу ХIавел Вацлаван библиотекано а, «Хартия 77» вовшахтохаралло а кхо кандидат хаьржина адамийн бакъонаш ларъярехь тIаьхьарчу шина шарахь баккхий кхиамаш баьхначарна. 66 эзар евро барамехь долу совгIат карабогIучу Гезгмашин-беттан тIаьххьарчу дийнахь лур долуш ду.

ПАСЕн адамийн бакъонийн рогIера совгIат лур долу кандидат къаьстар ву Гезгмашин беттан тIаьххьарчу дийнахь

Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн къийсаман комиссино кхо стаг билгалваьккхина кхушара дуьххьара керлачу цIарца лур долу совгIат кхачон. Уьш бу – Беларусера политикан бахьанца чувоьллина волу Беляцкий Алесь, Гуьржийчура къоначу юристийн Ассаоциаци а, Китайра Бакъонаш ларъяран маша а. ПрахIа-гIалахь хIокху беттан 26-чу дийнахь ПАСЕн гIантдас Миньон Жан Клода урхалла а деш дIаяьхьначу кхеташонехь йозуш йоцчу конкурсан комиссино къастийра уьш.

Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно Чехерчу ХIавел Вацлаван библиотекица а, «Хартия 77» а цхьаьний луш ду и совгIат Европехь а, цул арахьа а адамийн бакъонаш ларъярехь баккхий кхиамаш гайтинчунна. СовгIатан барам 66 эзар евро бу.

Вацлав ХIавлан библиотекин директора Смоликова Мартас дийцира Маршо радиога и совгIат адамийн бакъонаш ларъярехь билгалбевллачарна маца дуьйна луш жу, аьлла.

Смоликова: "Даханчу шерашкахь а Европан Кхеташоно шина шарахь цкъа луш дара адамийн бакъонаш ларъярна и совгIат. Даханчу шеран гурахь цара тхуна хаам бинера, адамийн бакъонашца доьзна хаттар кхин а боккхачу тидаме дилла лаьа шайна, цул сов, Чехин президент хиллачу ХIавел Вацлаван цIарах цу совгIатана цIе яла а лаара шайна, аьлла."

Иштта, Вацлав ХIавелан цIарца и совгIат дуьххьара луш долуш ду.

Смоликова: "
Цу хьокъехь дийцарш оха дахана шо чекхдолуш долийра, Дечкен-баттахь тхо Страсбурге дахара и гIуллакх дийцаре дан. СовгIат даларан билламаш жимма хийцира оха. ХIинццалц и совгIат кхочурш Европан Кхеташонна юкъайогIучу пачхьалкхашкара кандидаташ бен бацара. Оха иза дерриг дуьненна шорбира.

Кандидатийн цIераш кховдон бакъо муьлххачу а стеган я организацин ю.
Пхе стага я организацино куьг таIийна хила деза и цIе кховдош. 19 пачхьалкхера 27 кандидатан цIе кхечира тхоьга ша ерриг а. Цара массара а тхан билламаш кхочушбинера. Уьш къасторан тоба ялх стагах лаьтташ ю, шайн куьйгалхо а волуш. Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн президент Миньон Жан Клод ву иза."

Комиссин декъашхой бу - Швецера Х1аммарберг Томас. Иза Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула хилла комиссар ву. Аьмнести Интерншенл инарла секретар а,

Гезгмашин беттан 29-чу дийнахь Францера Страсбургехь бийр бу, кхаа кандидатах совгIат хьанна кхочур ду боху сацам. Амма официала кепара иза Гезгмашин беттан 30-чу дийнахь, 12.30 сахьт даьлча хоуьйтур ду, ПАСЕн гуьйренан сессин хьалхарчу кхеташонехь.

2007-чу шарахь дуьйна адамийн бакъонаш ларъярна ПАСЕно луш хиллачу свогIатана метта ду хIинца ХIавел Вацлаван цIарах дерг. Дуьххьарлера совгIат «Британин Ирландин бакъонашларъяран организацина» делира. 2011-чу шарахь «Ницкъ барна дуьхьала йолчу Комитетана».

Гуьржийчура къоначу юристийн организаци, шайн махкахь набахтехь къизаллаш лелорарца доьзна гIулалкх гIарадаьккхина организаци ю. Ткъа Беляцкий Олесь «БIаьсте» олучу центран куьйгалхо 2011-чу шарахь чувоьллинера 4,5 шарна, организацин арахьарчу чоташна тIерачу 500 эзар еврох ял дIа ца елла, аьлла.

ХIетахь Европан Кхеташонан инарла секретар хиллачу Янгланд Турбьерна леррина дIахьедар дира, Беляцкий политикан бахьанашца чувоьллина тутмакх кхайкхош.

Амма оцу совгIатан ур-атталла кандидат а ца хилла Нохчийчура я Къилбаседа Кавказера а цхьа а бакъонашларъярхо. Эстемирова Наталья йийчхьана дуьйна цу тайпа майралла йолу бакъонашларъярхо цигахь ваьлла вац.
XS
SM
MD
LG